ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японин премьер-министра Абэ Синдзос дарж охьадиллина


Токиохь пресс-конференци луш, ша шегара дарж охьадуьллу, дIахьедина Японин премьер-министра Абэ Синдзос. Белхан меттера ша дIагIур ву дарже керла стаг хIоттийча, аьлла цо.

65 шо долу политик цомгуш ву, могашалла эшна цуьнан тIаьххьарчу хенахь.

Абэ 1982-чу шарахь веара политике, Японин арахьарчу гIуллакхийн министр волчу шен дена гIодан хIоттарца. 1993-чу шарахь Японин парламенте депутат хаьржина иза.

Шен 52 шо долуш, 2006-чу шарахь, премьер-министр хилира цунах. РогIерчу шарахь цамгарца доьзна дитира цо и дарж, амма 2012-чу шарахь юха а хIоьттира премьер.

Ша Iедалехь волчу шерашкахь Абэн цхьаьнакхетарш хилла Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца 27-зза, 11-зза хилла иза Оьрсийчохь. Эксперташа чIагIдарехь, Абэ Синдзос Оьрсийчоьнца ша лелочу юкъаметтигашкахь коьрта лорура Дуьненан шолгIа тIом бирзича лулахочуьнца Японино банза бисина машар бар а, Курил-гIайреш Японина юхаерзор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG