ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилис ша Гуьржийчу дIагIур ву боху. Юстицин министралло иза "дозане кхоччушехь" лоцур ву аьлла


Гуьржийчохь президент лаьттина, карарчу хенахь Украинехь реформаш кхочушъяран кхеташонна коьртехь волу Саакашвили Михаил лерина ву даймахка дIаваха. Оцу хьокъехь яздина цо шен фейсбукехь.

Политика бахарехь, цо ша президент волуш кхоьллина хьал тахана а лелаш ду Гуьржийчохь. Даржехь ша волуш шегара дийлинчу гIалаташна гуьржашка къинтIера бовлар а дехна Саакашвилис.

"Гуьржийчуьра керланаш хезча, со кхета, суна хаьа, хаьл долучул а дика хир дара. ХIора гуьржи вехаш хилалур ву, иза вай цхьана кхочушдийр ду. Со цIавоьрзу", – дIахьедина цо.

Украина шен "шолгIа цIа ду", ша даима а дийр ду гIо шина а къоманна, боху Саакашвилис.

Цунна жоп луш, Гуьржийчоьнан юстицин министра Цулукиани Теяс дIахьедина, "оха къобалдо, нагахь санна Саакашвили Михаил, цIаверза ницкъ а кхаьчна, Гуьржийчу юхавар. Дозане кхоччушехь, иза лоцу процедура а йолор ю, набахте а кхачор ву", аьлла.

2014-чу шарахь Гуьржийчоьно бехкевира Саакашвили, цо 2007-чу шарахь Тбилисера гулам хьашарна а, низамца а доцуш бизнесменан Патаркацишвили Бардин бахам долаберзорна а, 2005-чу шарахь депутатна Гелашвили Валерийна тIелатар дайтарна а, иштта кхечу зуламашна а.

2018-чу шарахь набахтин кхо шо кхайкхийра Саакашвилина Гуьржийчохь. ТIаьхьо цигарчу прокуратуро бехк тIебаьхьира цунна, цо Патаркацишвили вуьйш дакъалаьцна аьлла.

Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь Украинин президента Зеленский Владимира пачхьалкхан реформаш кхочушъяран кхеташонна коьрте хIоттийра Саакашвили.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG