ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 14 стаг кхелхина уьнах дийнахь-буса, 482 цомгуш хилла


ТIаьххьарчу дийнахь-буса, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 14 стаг, цомгуш хилла кхин а 482.

Дагестанехь велла пхи дархо, Ставропол-махкахь а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха, Краснодар-махкахь – шиъ, Адыгейхь – цхьаъ. Пандеми йолаелчхьана схьа коронавирусах велла Къилбаседа Кавказехь, официалан ститистико бахарехь, 1161 стаг.

Дийнахь-буса а, ун даржинчу ерриг а хенахь а цомгуш хилларш:

  • Ставропол-мохк +125 (11 606)
  • Краснодар-мохк + 84 (10 941)
  • Дагестан +72 (10 788)
  • ГIалмакхойчоь +68 (3981)​
  • Кхарачой-Чергазийчоь +39 (4976)
  • ГIалгIайчоь +29 (4306)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +22 (6439)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +20 (4860)
  • Адыгей +19 (3327)
  • Нохчийчоь +4 (2253)

COVID-19 уьнах Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилларг верриг а ву 63 088 стаг, боху Оперативан штабан терахьаша. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь цомгуш хилла цунах 980 405 стаг.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG