ГIалгIайчуьрчу МаьлгIабекан вахархочунна Богатырев Бахьавдинна набахтехь даккха 9 шо кхайкхийна Къилба федералан тIеман кхело. Иза бехкевина тIеман тобанехь Iийна хиларна а, нах Шема тIаме баха вовшахбеттарна а.
Талламан версица, 2013-чу шеран Iай "Кавказ Имаратерчу" "ГIалгIайчоьнан виллаятах" дIакхетта Богатырев. ТIахьо дIавахана Туркойчу, цигара – Шема. Цигахь 2018-гIа шо тIекхаччалц лелла тIаме нах гулбеш, ткъа ГIалгIайчу юхавеъча, цуьнгахь карийна оьккху коьчал, боху талламо.
Къилба федералан тIеман кхелан пресс-гIоьнчаллин белхахочо Мищенко Викторияс бахарехь, Богатырев къера хилла шена тIебаьхьначу бехканна, шозза гулбала бен ца оьшуш, дерзийна дов кхелахоша.
- Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхоша дийцарехь, Шемарчу тIамера юхабаьхкинчу нахаца харцонаш лелайо Iедало. Иштта ду цара Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьийсаде аьрзнаш а.
-
Дела реза хуьлда х1ара г1уллакх дечарна.