ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Басаев Шемал – Бесланах долу бакъдерг" видео бахьанехь гIуда тоьхна хIиричунна


Къилбаседа ХIирийчохь экстремизман материалаш яржорна 1000 сом гIуда тоьхна 30 шо долчу Михайловское юьртан вахархочунна. Цо шен социалан машанерчу агIоне хIоттийна хилла "Басаев Шемал – Бесланах долу бакъдерг" цIе йолу видео (шо ду и видео хьажа дихкина).

Ша динчу зуламна иза дохковаларна, витина таIзар сов ца доккхуш, элира Кавказ.Реалиига Iедалерчу хьостанаша.

  • "КхоалгIачу рейхехь гIуллакхдина хIирий" книгица экстремизм ю аьлла, иза яржор дихкира БуритIерачу кхело хьалхо.
  • Экстремизм шайца йолчу материалийн тептара язйина Оьрсийчоьнан Iедало 5000 сов видео, книга, аудиоматериал, сурт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG