ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вирусца долчу хьоле хьаьжжина къестор ю школаша шайн белхан раж


Школашкахь цIеххьана коронавирус яьржина хааделча, шайггара карантин кхайкхо бакъо хир ю школийн куьйгалхойн, аьлла Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин кхеташонехь Дешаран министраллин балханна тIехьажаран департаментан директора Романова Тамарас, хаам баржийна ТАСС агенталло.

Школаша болх, даим а санна, Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь дIаболор бу, бераш деша лелар ду, билгалдаьккхина Романовас.

Амма вирусах дешархой ларбеш, хир бац бекош школашкахь горгали. Дешар шайн-шайн ражехь долош хир ду классашкахь, школи чу бераш дуьтур ду йолчу массо а неIаршкахула, дIаса а къестош, тIетуьйхира Романовас.

Дай-наной школашка лоьлуьйтур бац, цаьрца долу юкъарло онлайнехь хир школийн – иштта хаам баржийна Роспотребнадзоро а.

Кхушара Оьрсийчохь школе доьду 17 миллион бер, 2 миллион гергга ду хьалхарчу классе доьлху бераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG