ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс Евкуров некъахьовзаме нисвелла


Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан Евкуров Юнус-Бекан машен некъахьовзаме нисъелла Москвахь.

"1-чу Дубровски урамехь нисбелла некъахьовзам. Евкуров пассажиран меттехь хиина хилла машена чохь. Карарчу хенахь луьстуш ду бохам хилар", - хаам бина "РенТВ" телеканало.

"Известия" газето яздарехь, машен тIекхетта чохь бер долчу гIудалкхна, бер лазийна.

"112" телеграм-канало бечу хаамца, чолхе тIаьхьало йоцуш бирзина бохам.

  • Евкуров Юнус-Бек Оьрсийчоьнан министран гIовс хIоттийра стохка. Цул хьалха иза вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо. Дуккха а шерашкахь буьйранчин даржашкахь гIуллакх дина цо Оьрсийчоьнан эскарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG