Несарарчу 19 шо долчу Алмазов Мусана Къилба федералан тIеман кхело цхьа шо ахшо хан тоьхна юкъарчу хьелашкахь набахтехь даккха террорхошкахьа хиларна а, экстремизм яржорна а.
Талламан версица, 2018-чу шеран Чиллан-баттахь Алмазовс "Вконтакте" машанехь ДАIИШ къобалъеш массех пост хIоттийна шен агIонтIе.
ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьалоечу Центрехь жима стаг къерахилла шен бехканна, аьтто бина кхелана дов сихха листина даккхийта.
- Масех де хьалха тIеман кхело 1 шо хан кхайкхийра набахтехь яккха ГIалгIайчуьрчу МаьлгIабекерчу Коттаева Хадижатна цо терроризманна пропаганда ярна.
-