ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ца хеддаш тIемалой лоьху ГIалгIайчохь, ехха лаьтта леррина операцеш


ГIалгIайчохь тIаьххьарчу баттахь тIемалой лоху операцеш лаьттина дерриг шарахьчул а дукха. 2019-чу шеран Марсхьокху-баттера кхушеран оцу батте кхаччалц дIаяьхьинарг яра 4 операци, ткъа беккъа цхьана тIаьххьарчу баттахь уьш хилла 5. Иштта ю бакъоларъяран "Мемориал" центро гойту статистика.

"Суна цигахь гург цхьаъ ду – кхо бутт хьалха дIахьедира, тIемалочун Бютукаев Асланан тоба ю Соьлжан кIоштарчу хьаннашкахь, аьлла. Бутт хьалха вийра Рогвардин белхахо. Иза вер тIехьарчийра БютукаевгIарна, уьш лоху операцеш дIайолийра. Амма стенна бацара ницкъхой стохка оццул жигара, ца кхета со", - дуьйцу ГIалгIайчуьрчу «Мемориал» центран декъан куьйгалхочо Акиев Тимура.

Акиев кIезиг теша кху муьрехь байъина нах билггал тIемалой хиларх.

"Вайга къасттийна алалур дац иза, хIунда аьлча, гергарчу нахах цхьаммо а ца хаийтина тхуна шайн нахах дерг. Ткъа йохуш яц байъинчийн цIерш. Со ца кхета, стенна бац хезаш церан гергарнаш", - боху бакъоларъярхочо.

Байъинчех цхьаъ Гадамаури Хьусайн ву, бохура, амма дац тоьшаллаш, цецвуьйлу Акиев.

  • ГIалгIайчохь дIаяьхьначу 5 лерринчу операцехь вийна 8 стаг, уьш тIемалой бу аьлла ницкъхойн урхаллаша. Кхо стаг лаьцна. Iедалхойх шиъ лазийна.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, тIемалой бу бохучу нахера талламо тоьшаллаш ницкъаша дохуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG