ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bellingcat: Хангошвили вуьйш дакъалаьцнарг мила ву хиина


Bellingcat тобано а, Оьрсийчуьрчу The Insider портало а, Германерчу Spiegel журнало а бовзуьйту шаьш юкъахь бина таллам. Цара бахарехь, Iораяьлла Нохчийчуьрчу тIеман тобанийн баьччанех хилла Хангошвили Зеламха стохка Берлинехь вуьйш дакъалаьцна кхин а цхьана Оьрсийчуьрчу вахархочун цIе.

Зулам шен карах динарг хила тарлуш ву Германехь лаьцна кхобу Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъашкахь болх бина волу Красиков Вадим.

Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.

Иза Европе веана Хангошвили велле хьалха, "Давыдов Роман" аьлла, харц цIе тIеязйина паспорт а долуш. Нохчо вийначул тIаьхьа Демьянченкоца маситтазза телефонехула къамел дина Красиковца уьйрехь волчу Сазонов Андрейс. Талламан авторша зийна "Давыдовнний", Демьянченконний суьрташ – цхьа стаг ву царна тIехь верг.

Bellingcat тобано чIагIдарехь, 1980 шарахь вина Демьянченко, ткъа "Вымпелехь" болх бина цо 2011-гIа шо тIедале. Иза хIинца а ву ФСБ-хь болх бинчу а, балхахь болчу а нахаца зIенехь. Официалехь цо 2019-гIачу шарахь болх бина "Вымпел" ассоциацин президентан Бендерский Эдуардан долахь йолчу "Вымпел — Содействие" компанехь. Талламчаша дийцарехь, оццу Бендерскица къамелаш хилла Красиковн иза Германе ваххале.

Хангошвили вен ши кIира дуьсуш, Словакин визица вахана Демьянченко Европе (харц паспорт гучу а даьлла, Словакино дукха хан йоццуш нон-грата кхайкхийра Оьрсийчоьнан ши векал).

Демьянчекос хIун дакъа лаьцна Хангошвили вуьйш, билгал ца даьккхина талламо. Амма авторшна хетарехь, Хангошвили Зеламха вийнарш "Вымпелца" юкъарло долу нах бу, ткъа царна тIехь урхалла деш хилла ала тарло ФСБ-но.

Германин прокуратуро хьалхо дIахьедира, Хангошвили вен Iалашо а хIоттийна, иза кхочушйинарг Оьрсийчоьнан Iедал хилар го шена, аьлла. Официалехь Москвано маситтазза дIахьедина ша зуламан декъахь яц аьлла.

XS
SM
MD
LG