ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бютукаев, Басаев, Хангошвили – кху кIиранах керланашкахь яьхна цIерш, оцу юкъанна Ивановохь лаьцна Кадыровн векал


Оршот

ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан Обаргийн-Юьртахь (Троицкая) Iедалан ницкъаша леррина операци дIахьош де хьалха вийра кхо тIемало. Ницкъхойх лазийна шиъ, хаам. Хьалхо дара хоуьйтуш ши стаг вийна хиларх.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Вийна кхоъ ДАIИШ-ан агIонча вара, цаьргахь маса тоьпаш, тапчанаш, патармаш, лелха коьчалш яра, чIагIдо антитерроран комитето. Кавказ.Реалиин хьостанаша бинчу хаамца, ГIалгIайчохь байъинчех цхьаъ ву Гадаборшев. Цхьана версица, тIом бинарш хила тарло Бютукаев Асланан тобанера тIемалой.

Кеманаш дIасалелийтарх лаьцна дийцарш дIахьош яра Оьрсийчоь, барт 7 пачхьалкхаца хилла – Францица а, Венгрица а, Мальтица а, Кипрца а, Иорданица а, Мисарца а (КъахIира), ткъа иштта Китайца а (Шанхай).

Делахь а Европе лела аьтто хир бац массеран.Франце а, Венгре а, Мальте а рейсаш схьаелла мегаш ю цу мехкашкахь баха кехаташ долчу а, цигахь болх бан бакъо йолчу а, лоьрашкара гIо оьшучу а нахана.

Шинара

Ростовхь кхелан сацамца лецира "Иегован Тешаш" олучу динан тобанера 11 стаг. Динан оцу тобанера нах лецарца Ростов-махкал а хьалхаяьлла Ставрополь – цигахь 16 бехктакхаман дов гIаттийна "Иегован Тешашна" дуьхьал.

Оьрсийчохь йихкина йолчу оцу сектин декъашхойх ялх лаьцна Краснодар-махкахь, пхиъ – Волгоград-махкахь, Астраханехь а, Дагестанехь а – виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а – цхьацца.

Европехь "Юккъерчу Азера а, Нохчийчуьра а схьабевллачу нахах лаьтта террористийн машанаш бу кхоллалуш", - аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретаран гIовса, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Контртерроран урхаллин куьйгалхочо Воронков Владимира оцу хьукматан пресс-центро даржийначу шен дIахьедарехь.

Масал далош, дIахьедарехь хьахош ду цхьана Европерчу пачхьалкхехь Таджикистанера схьабевлла нах лецар. Уьш бехкебора тIелетарш дан кечбаларна а, оцу зуламна юкъа мигранташ ийзорна а. Ша далочу кхечу масалехь Воронковс хьехабо узбекех вовшахкхета кхин цхьа маша а, цуьнан декъашхой бехкебо терриризманна ахча латторна. Кхеташ дац, дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетараллин Инарла секретаран гIовса, Оьрсийчуьра волчу Воронковс, хIун бахьаница аьлла, Европехь терроризман машанаш кхуллучаралахь нохчий а бу.

Кхаара

ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштарчу Iаьли-Юьртахь лерина операци дIахьош бара Iедалан ницкъаш – эскархоша лоьху тIемалой. "Ши тIемало хаавелла цхьана урамехь ФСБ-на, тIематасадалар иккхина. Герзаш кхуьйсучу юкъанна вийна цхьа тIемало.

Ша лазийначул тIаьхьа цо эккхийтина шех йоллу бомба, аьлла ю цхьа верси", - дуьйцу хьостано. Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдаккхарца, тIемалой бу, олий, кхеле балочу наха дукха хьолехь тоьшаллаш до шайгара дареш етташ даьхна хиларх.

Оьрсийчоьнан статистикан Росстат урхалло доьзалш дIасакъестарх долу пачхьалкхера хьал довзуьйтуш хIоттийначу рейтингехь тоьлла сурт гайтина Къилбаседа Кавказерчу беа махко – 2020-чу шеран ялх баттахь массанхьачул а кIезиг доьзалш дIасакъаьстина цигахь.

Росстатан терахьаша бахарехь, 1000 вахархочунна кхочу дIасакъестарш иштта ду: Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь - 0,6%, Дагестанехь – 1,1%, Тувахь – 1,6%, Къилбаседа ХIирийчохь – 1,7%. Коронавирус яьржича, массанхьачул а сов лахделира доьзалш кхоллабалар Дагестанехь. Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалгIайчохь.

Еара

Дагестанерчу Хасу-Юьртахь, ТIеман Сийлаллин Борза тIехь хIоллам хIоттийра кхушара коронавирусах беллачу меттигерчу лоьрашна.

Хасу-Юьртарчу дарбан хIусамехь болх бинчу кхаа медйишин а, цхьана лоьран-инфекционистан а цIерш ю тIеязйина. 60 медик ву гергарчара а, коллегаша а дузуш долчу Дагестанерчу лоьрийн «Иэсан тептарахь».

ПIераска

Трамп Доналда официалехь реза хилла Республикан Партин цIарх Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж къовса.

Оцу хьокъехь дIахьедина цо еарин дийнахь, Республикан партин гулам берзош ша динчу къамелехь.

Гуьржийчохь президент лаьттина, карарчу хенахь Украинехь реформаш кхочушъяран кхеташонна коьртехь волу Саакашвили Михаила ша лерина ву даймахка дIаваха элира. Оцу хьокъехь яздира цо шен фейсбукехь.

Цунна жоп луш, Гуьржийчоьнан юстицин министра Цулукиани Теяс дIахьедина, "оха къобалдо, нагахь санна Саакашвили Михаил, цIаверза ницкъ а кхаьчна, Гуьржийчу юхавар. Дозане кхоччушехь, иза лоцу процедура а йолор ю, набахте а кхачор ву", аьлла.

Къилбаседа ХIирийчохь экстремизман материалаш яржорна 1000 сом гIуда туьйхина 30 шо долчу Михайловское юьртан вахархочунна.

Цо шен социалан машанерчу агIоне хIоттийна хилла "Басаев Шемал – Бесланах долу бакъдерг" цIе йолу видео (шо ду и видео хьажа дихкина). Экстремизм шайца йолчу материалийн тептара язйина Оьрсийчоьнан Iедало 5000 сов видео, книга, аудиоматериал, сурт.

Школашкахь цIеххьана коронавирус яьржина хааделча, шайггара карантин кхайкхо бакъо хир ю школийн куьйгалхойн, аьлла Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин кхеташонехь Дешаран министраллин балханна тIехьажаран департаментан директора Романова Тамарас.

Дешар шайн-шайн ражехь долош хир ду классашкахь, школи чу бераш дуьтур ду йолчу массо а неIаршкахула, дIаса а къестош. Дай-наной школашка лоьлуьйтур бац, цаьрца долу юкъарло онлайнехь хир школийн – иштта хаам баржийна Роспотребнадзоро а.

Шотт

Несарарчу 19 шо долчу Алмазов Мусана Къилба федералан тIеман кхело цхьа шо ахшо хан тоьхна юкъарчу хьелашкахь набахтехь даккха террорхошкахьа хиларна а, экстремизм яржорна а. Талламан версица, 2018-чу шеран Чиллан-баттахь Алмазовс "Вконтакте" машанехь ДАIИШ къобалъеш массех пост хIоттийна шен агIонтIе.

Масех де хьалха тIеман кхело 1 шо хан кхайкхийра набахтехь яккха ГIалгIайчуьрчу МаьлгIабекерчу Коттаева Хадижатна цо терроризманна пропаганда ярна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Иваново махкарчу векална Эдильсултанов Iисана курхаллаш лелорна а, бинчу талламан документаш хийцарна а бехк тIебаьхьина меттигерчу кхело. Ткъа Эдильсултановс бехк тIе ца эцна шена, хаам бо цуьнан адвоката. Цкъачунна изоляторехь латтош ву Эдильсултанов. Кадыров Рамзанан Ивановора векал Эдильсултанов Iиса лецира Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь, дIавигира Иваново. Цуьнца цхьаьна лаьцна цуьнан ши ваша а, векалтан адвокат а, бухгалтераш а.

К1иранан де

Bellingcat тобано а, Оьрсийчуьрчу The Insider портало а, Германерчу Spiegel журнало а бовзийтина шаьш юкъахь бина таллам. Цара Iораяьккина Нохчийчуьрчу тIеман тобанийн баьччанех хилла Хангошвили Зеламха стохка Берлинехь вуьйш дакъалаьцна кхин а цхьана Оьрсийчуьрчу вахархочун цIе. Зулам шен карах динарг хила тарлуш ву Германехь лаьцна кхобу Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъашкахь болх бина волу Красиков Вадим.

Хангошвили Зеламха
Хангошвили Зеламха

Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа. Иза Европе веана Хангошвили велле хьалха, "Давыдов Роман" аьлла, харц цIе тIеязйина паспорт а долуш.

Хангошвили вен ши кIира дуьсуш, Словакин визица вахана Демьянченко Европе (харц паспорт гучу а даьлла, Словакино дукха хан йоццуш нон-грата кхайкхийра Оьрсийчоьнан ши векал). Германин прокуратуро хьалхо дIахьедира, Хангошвили вен Iалашо а хIоттийна, иза кхочушйинарг Оьрсийчоьнан Iедал хилар го шена, аьлла. Официалехь Москвано маситтазза дIахьедина ша зуламан декъахь яц аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG