ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIемаш бина Нохчийчуьра вахархо лаьцна къайлахчу сервисаша


Гайтаман сурт

Шема пачхьалкхехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIарехь тIемаш бина ву аьлла, Нохчийчуьра вахархо лаьцна ФСБ-но. Оршотан Iуьйранна дина цунах лаьцна дIахьедар Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисийн пресс-гIуллакххоша. Вуьйцург ву Хьалха-МартанIера 29 шо долу Агаев Iумар.

Цунна дуьхьал айдинчу гIуллакхан материалашкахь билгалдаьккхина ду, 2014-чу шарера схьа дуьйна Шемахь даIишхойн могIарехь тIемаш бина ву аьлла. Карарчу заманчохь таллам бу дIахьош оцу гIуллакхна гонах.

Иштта, оршотан дийнахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша (ФСБ) пачхьалкхан пхеа регионера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан бенан декъашхой лецна, цара даIишхошна ахчанашца гIо латтийна аьлла, дIахьедира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG