ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 стаг велла уьнах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса, 570 цомгуш хилла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь 12 пациент велла коронавирусан инфекцех, ун даьлла кхин а 570 стагана.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Краснодаран кIоштахь кхелхина пхи дархо, Ставрополан кIоштахь виъ, Дагестанехь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ.

Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велларг ву 1 184 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш ГIалмакхрйчохь – 132 пациент:

  • ГIалмакхойчохь +132 (4 269 ву эпидеми чуеачхьана)​
  • Ставрополан кIоштахь +128 (11 985)
  • Краснодаран махкахь + 87 (11 208)
  • Дагестанехь +71 (10 999)
  • Кхарачой-Чергазийчохь +49 (5 115)
  • ГIалгIайчохь +29 (4 397)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь +26 (6 514)
  • Адыгейхь +22 (3386)
  • Къилбаседа ХIирийчохь +21 (4 922)
  • Нохчийчохь +5 (2 270)

Таханалерачу зерашца, Къилбаседа Кавказехь 64 676 стаг ву коронавирусан ун даьлла. Йоллу Оьрсийчохь билгалваьлла 995 319 стаг.

  • Федералан статистика ца йогIу меттигашкарчу терахьашца. Даржхоша цуьнан бахьана дузу пачхьалкхан коьртачу урхаллашкахь а, меттигашкахь а статистика лелоран кепаш тайп-тайпана хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG