ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно дуьхьал бекхам беш махкахвоккхуш ву Словакин кхо дипломат


Братиславера шайн кхо дипломат араваккхарна дуьхьал бекхамбеш Москварчу Словакин векалтан кхо белхахо махкахвоккхуш ву Оьрсийчоьно. Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь бина цунах хаам. Урхалле тIекхайкхийнера оршотан дийнахь Словакин векал Припутен Петр.

"Бух боцуш Оьрсийчоьнан дипломатин кхо белхахо Словакера араваккхарна протест" дIахьейинера цуьнга, яздо министраллан хаамехь. Оцу бахьанашца, Оьрсийчоьно сацам бина, Москварчу Словакин векалтера дипломатин кхо белхахо шайн махкара араваккха аьлла, дIахаийтина Припутене. "Персона нон грата" кхайкхийначу Словакин дипломатийн цIераш йовзуьйтуш яц.

Кху беттан 10-чохь Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо Хангошвили Зеламха 2019 шарахь Германехь вуьйш дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца Словакино махкахваьккха сацам бира Оьрсийчоьнан кхо дипломат.

Цуьнца доьзна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан векала Ортагус Моргана Твиттерехь билгалдаьккхинера, и сацам нийса бу, цо гойту Братислава "я шен лаьтта тIехь а, я Европехь а лан лерина йоцийла Оьрсийчоьно политикан буха тIехь ден зуламаш", аьлла.

Марсхьокху-беттан 13-гIа де тIекхачале Словакера аравала декхаре вира Оьрсийчоьнан кхо дипломат. И нах къайлахчу сервисашна болхбеш хилар гучудаьлла, хаам баржийра Словакерчу Acktuality портало оршотан дийнахь. Москвано жоп деллера, ша гIулчаш йохур ю Братиславехь бинчу сацамна дуьхьал, аьлла.

  • Хангошвили Зеламха герз тоьхна вийра стохка Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь Берлинехь. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.
  • Оьрсийчоьно тIе ца оьцу ша Хангошвили вейтина хилар. "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьлла президента Путин Владимира. Карарчу хенахь Германино толлуш ду Хангошвили вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG