ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Корта бахон молханаш лелийначу меттигерчу бахархошкара бехкаш даьхна Нохчийчохь


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Психотропан молханаш мийлина аьлла, рогIера юха а бехкебечу кегийрхошкара бехкаш даьхна Куьршала кIоштан полицин хьаькамо Агуев Рустама. ГIишлошъечу меттигашка уьш балха нисбар тIедиллина цо. "ЧП Чечня" инстаграм-паблико шайн аккаунтехь Iораяьккхина, лецна балийначаьрца "кхетош къамел" ден видео.

"Вайн кIоштахь наркоманаш а, къаьркъанчаша а хила йиш яц. Оха могуьйтур дац. Аш къаьркъа моьлу, молханех пайда оьцу, тIаккха машенашкахь некъаца бохамаш латтабо, нах бойъуш. Кеста школе даха дезачу шайн берех дог ца лозу шун? Молханаш а, маларш а лелош ду шу - эхь ду шуна"! – боху Агуевс лецначаьрга.

ГIишлошъечу меттигашка уьш беза белхаш бан дIахIиттор тIедожийна полисхойн куьйгалхочо. "ГIишлошъяран объекташкахь меттигаш лаха, доларнаш а мегар ю. Цигахь балха дIатарбе и нах. Дийнахь эзар соьмана цара пайда бахь а, иза а доккха гIуллакх ду. Шайн доьзална соьмана пайда беш бац уьш, ткъа церан хIусамнаной а, бераш а помидораш а, наьрсаш а. жIанкаш а кхиош бу", - аьлла полисхойн куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG