ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къовсу меттиг яц иза". ФСБ-но гIо до телеканалашна пропаганда еш


Вершинина Алена, Маршо Радио, оьрсийн сервис

  • Карарчу хенахь Голландехь вехачу Белоусов Дмитрийс дуккха а шерашкахь къахьегна Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан телеканалашкахь. Шеф-редактор лаьттина иза масех баттахь НТВ-хь. РЕН телеканалехь сценарист болх бина цо. Малков Алексейс куьйгалла а деш, яьхна "Дело в кепке ", "Белорусское чудо", "Либералам - черным налом" цIерш йолу пропагандин фильмаш. Цо дийцира, муха йо Оьрсийчуьрчу телеканалаша агитаци, хIун дог-ойла лаьтта уьш кечъечу белхахочун коьртехь.
Белоусов Дмитрий
Белоусов Дмитрий

– Дмитрий, ахь комментари язйина, Навальный Алексей волу меттиг, цо дийриг зуьйш, иза тергалвечу системех лаьцна "Проект" ресурсо кечйинчу материална бухахь. Кхиболу оппозиционераш а, жигархой а буй ФСБ-н тергонна кIел?

– Къайле яц, шена Навальныйна дика хаьара ша Iедало тергалвеш вуйла, цунах лаьцна цо ша а дуьйцура дукха. Со чIогIа цецваьккхира 2017-чу шеран муниципалан харжамашна кечлуш оцу проекто кечйинчу материалаша. ХIетахь "Йиллинчу Оьрсийчоьно" ("Открытая Россия") дIахьедира ша "кегийнах арахь лехьабо" шена, аьлла. Оцу наханна дуьхьал компромат кхехьа йолийра тхуна тIе. Инзаре хIума дара иза. ФСБ-нехь хIора стагах лаьцна ю информаци. Ерриг а пачхьалкхехула долийра и информаци Iораяха.

Навальный Алексей
Навальный Алексей

– И стенна дора, хьо кхийтирий?

– Месседж кхеташ яра: политикана юкъагIерташ хьо велахь, хьайн проблемаш хир юйла хаа ду хьуна. Хьан лорах лелаш нах хир бу, хьоьца цхьаъ карадахь, иза нахала доккхур ду, хьо сийсазвийр ву.

Кхеташ ду, кIезиг бевзачу наханна дуьхьал кечйина компромат телеканалехула ерриг а гайта аьлла дац. Наханна шантаж ян эшахь а олий, вовшахтуху иза. ФСБ-но и компромат дуьхьал а етташ, ша аьлларг дойту стаге.

– Цхьамма я вукху жигархочо, шена тIаьхьаваьлла, ша тергалвеш лела цхьаъ, бохуш, аьрзнаш дар – иза бух болуш ду-кх?

– Ца хаьа суна, шпионаш лела я ца лела тIаьхаьбевлла. Вайн иза хаа таро яц. Амма ФСБ-н, президентан администрацина коьрта ду иза: тхо цкъачунна хьуна тIаьхьадевлла лелаш дацахь а, хаалахь тхоьга иза далуш дуйла. Ерриг а пачхьалкханна, резабоцчу массо а наханна тIехь бIаьрг латталур бац. Делахь а кхеташ ду, Iедална лаахь, далуш ду цуьнга иза. Шуна шайна а го-кха иза: балхара бохабо нах, доцург дуьхьал а доккхий, кхелаш йо, Путин эккхо араваьлла хьо велахь, хьерабевлла нах кхобучу хьажаво, и гIараваьккхина вуьйцу шаман санна.

– Ткъа стенна оьшу иза ФСБ-на я президентан администрацина?

– ФСБ-н, кхетал хьо, яц иштаниг лело бакъо. Схьаделлал ахь федералан ФСБ-нах долу низам. Цуьнан бакъонаш хIорш ю: дозанаш лардар, шпионаш лецар, терроризмана, талорашна дуьхьаллаттар. Дукха хан йоццуш цунах дIатоьхна президент ларвеш йолу ФСО а. Чекхдовлу цу тIехь декхарш! Политиках дерг аьлча, ФСБ-н политикана юкъагIерта бакъо яц, аьлла ду. (Бортников, ФСБ-н куьйгалхо, 2017 шо: "ХIинца ФСБ мукъа ю политикан тIеIаткъамах, цхьана а партийн, тобанийн лаамех йозаелла а яц иза" – МР).

Оцу юкъанна, массо а [политическан] гIуллакхашна юкъа ша гайта гIерташ а хуьлу ФСБ. Зорбанехула оппозиционерашна дуьхьал яржайо компроматаш, уьш буьйшучу меттехь а тIехь яьхна видеош. Со ца кхета, масала, стенна эшнера дукха хан йоццуш Яшинна дуьхьал оцу кепехь видео арахеца – 10 шо хьалха иза мехкаршца Iаш яьккхина компромат. Кхин хIума ца карийна царна? Итт шарахь архивехь Iиллича арахецна видео. Стаг кхерорхьама деш ду иза.

Москва, Лубянка, ФСБ
Москва, Лубянка, ФСБ

–Оппозиционерийн дахарна юкъагIерта шена бакъо йоккхуш вой-те ФСБ-но хийланиг Малхбузенца зIенешкахь ву, олий, бехке?

– Компромат карош хилча-м цхьаъ дара иза… Ца карош а ма нисло. Цкъа "Касьяновн де" ("Касьянов день") филм еш дара тхо, гойтуш ду "дозанал арахьарчу спонсоршца цхьаьнакхетарш". Ас хоьтту Малковга: "Уьш хIун документаш ду? ХIун финансийн арахьара гIо? Мацалера ду и документаш? " Амма дац гойтуш шо, хила тарло мацца а цкъа, шен заманахь низамо магош хилла а хир ду иза. Амма юкъаралла кхардийта, и санна дерг оппозиционерашна мегар доцийла хаийта, кхерам латто, шаьш Iедало даима зуьйш кхобийла хаийта деш ду иза.

– Гарехь, оппозиционерашна тIаьхьабевлла лела цхьа нах, видео а йоккху, къамелаш дIа а яздо, редактура йой иштачу материалашна?

Оппозиционер Яшин Илья
Оппозиционер Яшин Илья

ФСБ-но елла материалаш хуьлу сценарех тоха езаш

– Материалийн дукхалле хьажча, алссам нах бу и болх беш, шайна къастийна алапаш а долуш. И тайпа материалаш Iуьттура филмашна юкъа, ФСБ-но яийтина яра и кийсакаш. Уьш атта йовзало. Масала, хеза хьуна: "Касьяновн хIусамера ю хIара эксклюзив". Йойла дуй ишта видео я аудио журналисте шегга? Яхь, дера ву и журналист нехан дахарна юкъагIертарна тIаIIийна чувуллур!

– Репортажашна, филмашна ишта материалаш юкъаяхка дезар, хьуна санна, Iаткъаме даьлларш дукха буй?

– Иза ца хаьа суна. Ткъа сан-м кхачийра собар. Со кхийтира оцу хьоло сайгара маршо дIайоккхуш юйла. Сайна хетарг ала мегаш доцийла гучуделира суна – кхера везаш хьал хIоьттира тIе. Системехь йолчу оппозицица лелаен харцонаш хIумма а доцург ду системехь йоцучаьрца лелочуьнга хьаьжча. Церан бехктакхаман гIуллакхаш ахь зийча, го царна ток еттийла, боцу бехкаш тIехьерчабойла.

ФСБ яц политикан декъахь

Eггаре коьртаниг – стенна ду даьржина терроризмах долу бехктакхаман гIуллакхаш? Дера ду ФСБ-н политика юкъагIерта бакъо яцарна, цундела цо шена лело магийннарг леладо, шен балханна низамаш кечдойту – терроризм Iорайоху. Цуьнга хIун дало? Терроризм хьарчаяло наханна тIе, цунах лаьцна гIуллакхаш кхоллало. Я экстремизмах лаьцна.

– Хьо дозанал арахь хиларна ваьхьа хьо хетарг дийца, хьо кхерамзаллехь ву аьлла хетий хьуна?

Ас иза дийцича, нахана хаа тарло хилларг хIун ду

– Ца хета со кхерамзаллехь ву аьлла. Айса бина сацам бу сан дайнарг дийца. Сан кхин хIун къастам бу? Ас иза дийцича, нахана хаа тарло, суна цхьаъ хилахь, [сох] хилларг хIун ду.

Навальныйн Томскерчу штабехь карийна болу къайлах ладугIу гIирc
Навальныйн Томскерчу штабехь карийна болу къайлах ладугIу гIирc

– Хьо айхьа лайнарг дийца воьллачул тIаьхьа цхьаммо а зIе тоьхний хьоьга? Хьан коллегаша. ХIумма а яздиний?

– Ца яздина, ца тоьхна зIе а. Хьуна гуш ма дуй, царна комментари муха ян еза а цкъачунна хууш доцийла, Пригожинан тролашна а ца карийна цкъачунна кеп. Шайна сценареш язъеш хилларг хьераваьлла вара баха аьтто а ма баций церан.

-Муха хета хьуна, нах зуьйш, къайлах видеош йохуш, телефонашка ладоьгIуш, аудиош дIаязъеш хьийзинарш, оцу материалех пайдаоьцуш лелла телевизионийн белхахой дохкобевлла, къерахилла зама йогIур а юй?

– Дукха хан йоццуш низам арадаьккхина, иштанаш цхьана кепехь жоп дала декхаре бац цхьанна хьалха, аьлла. Къайлабахьа а аьтто бу церан и болх.

Ша дийриг нехан куьйгашцца а дало ФСБ-не

ФСБ-но дерриг а ца до шен куьйгашца. Цундела олийла дац, цхьа ФСБ ю массо а зуьйш. Технологех а оьцу цара пайда. Оппозицино дIахьош болчу барамашка лела ФСБ-нна болхбийраш. Цара девнаш доху цигахь, юкъахбоккху болх. Цигахь видеош а йохий, уьш социалаш манашка кхуьйсу. ФСБ-н карахь массо кепаш а, гIирс а бу. Атта ду тIаьхьа ала, "тхо дац иза динарш, муьлш бу а ца хууш, цхьа волонтераш бу оппозици тергалъеш", - дийцира Маршо Радиона Белоусов Дмитрийс.

XS
SM
MD
LG