ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2004-чу шарахь Бесланерчу школехь белларш дагалоьцу кху деношкахь


Бесланера школа

2004-чу шарахь гIаттамхоша дIалаьцначу Къилбаседа ХIирийчуьрчу Бесланан школехь динчу тIелатарехь белларш дагалоьцуш, тезетан барамаш буьйлабелла. Оцу школехь белларш дагалеца баьхкира закъалтхой хилларш а, юкхаралхой а, кIоштан а, регионан а Iедалан векалш а, яздо Кавказ.Реалиино.

Шинарин Iуьйранна 9:15 минот яьлча болабелира барам. 2004-чу шарахь Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь изза хан яьлча дIалаьцнера тIемалоша школа.

ТIаьхьо зезагаш а дохкуш, дагалацаран чIурамаш а летош хан яьхьира гулбеллачара. Тезетан барамаш кхин а кхаа дийнахь латтор бу. ТIаьххьара а мемориалан "Маликийн гIала" цIе тиллинчу кешнашкахь хир ю акцин чакхе.

  • 2004-чу шеран Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчуьрчу тIемалоша Бесланера лоьмар 1 йолчу школана тIелетира, 1 200 дешархо а, хьехархой а закъалте а лоцуш. Оцу трагедехь вийра 334 стаг, шайлахь 186 бер а долуш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG