ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна гIо латтийна аьлла, бехкевинчу Дагестанерчу вахархочунна набахтехь даккха 8 шо тоьхна


ГIаттамхойн тобанехь лаьттина ву аьлла, кхеле хIоттийначу Дагестанан Кумторкалинскан кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Даитбеков Шамилна бархI шо хан тоьхна набахтехь даккха. Цуьнан адвокато Асиялов Аталава дийцарехь, прокуратурано итт шо дехнера цунна.

"Прокуроран бага хьаьжжина сацам бира кхелахоша. ГIуллакхан материалаша церан позици бакъ ца йо. Цунна тоьшаллаш дина дуккхаъчу тешаша, юьртахоша, супермаркетийн белхалоша. ГIаттамхошна оцу туьканашкара юург кхехьна аьлла, дара бехкаш", - дийцина адвокато. Кхелахойн сацамна апелляци кховдийна Дагестанан Лакхарчу кхеле.

  • Талламчийн версица, лурчаха "Кизилюртовская" олучу тобанах дIа а кхетта, Даитбековс масийттазза Учкент эвлан йистехь хиллачу тIемалошна юург латтийна. Цуьнан гергарнаш а, юьртахой а тешна бу, ницкъаллийн структураша Даитбековна дуьхьал бух боцуш долийна гIуллакх ду аьлла. Эпилепси олу цамгарца а волуш, психиатран терго еш латточу цуьнан аьтто хир бац бехкаш духатоха аьлла хетта полисхошна, гергарчара бахарехь.
  • Бехкаш дехкина Даитбековна къайлаваьхьначу шина тешо дийцинчунна тIехь. Кхелахой реза ца хилла, уьш бовзийта, церан кхерамзалла ларъеш ду шьаш аьлла, дIа а хьедеш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG