ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу пачхьалкхера шайна ахча кхачарх хаийтина юстицин министралле Кадыровн фондо


Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу регионалан фондо дуьххьара дIахьедина юстицин министралле, арахьарчу пачхьалкхашкара шайн чоьте ахчанаш кхачарх. Урхаллан сайтехь бина цунах хаам. ХIинццалц фондо министраллан сайтехь даьсса йоза дуьтура.

Стохка фонде кхаьчна "Абу-Дабера гIо". Арахьарчу хьосташкара кхаьчначу финансех хаам бина организацино, цуьнан терго йина"Открытые медиа" гIирсо.

Iарбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн коьрта шахьар ю Абу-Даби.

Еллачу информацица а догIуш, Iарбаша хьажийна ахча ду - 1,95 миллион сом. Ахча "ХьаьжцIа" боьлхучарна дайъина, аьлла ду жоп.

«Арахьарчу агентех» (НКО) долчу низамца а догIуш, йохка-эцарца йоьзна йоцу, кхечу пачхьалкхашкара ахча а оьцуш, Оьрсийчуьрчу политикан дахарехь дакъалоцучу юкъараллаша "арахьара агент" аьлла, статус тIеэца еза.

Нохчийн юкъарралан Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьте кхаьчна стохка рекорде 6,075 миллиард сом ахча. Масийттаза бехкейира организаци, "ца лаахь а, лууш санна" фонде ахчанаш дахкийтарх, амма мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехкаш тIе ца дуьтура.

Формалан кепехь фондан урхалла дийриг Кадыров Рамзанан нана Кадырова Аймани ю. Организацин балхах лаьцна бечу хаамийн гIирсашкахь масийттазза гучуделира, пачхьалкхан чоьтах цара кхочушйина проекташ хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG