ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батукаевн хьокъехь дIахьедар дина гIиргIизойн хиллачу президенто


Атамбаев Алмазбек
Атамбаев Алмазбек

ГIиргIизойчоьнан хиллачу президента Атамбаев Алмазбека дIахьедар дина, криминалан авторитет Батукаев Iазиз бакъо йоцуш маьршаваьккхина аьлла, кхело бинчу сацаман хьокъехь. Экс-президентан адвокато Жоошев Замира даржийна цуьнан дIахьедар.

Батукаев маьршаваккхаран Iалашо яра Бакиев Жанышан ГIиргIизойчу экстрадици яйта лаам хилар, йа бехкзуламан гIуллакхан материалашкахь а, йа тешийн дийцаршкахь а лаца хIума дац, коррупцица доьзна, йа цхьа кхин зуламан Iалашонца дина ду, аьлла Атамбаевс.

"Суна 11 шо хан тоьхна, иза ГIиргIизойчу валош, пачхьалкхан къоман кхерамзаллин комитетан операцина тIетарна а, цIий Iанийна зуламхо билггал жоьпе озорна а. Ткъа Батукаевн хьокъехь айдинчу бехкзуламан гIуллакхца Жээнбеков Сооронбайн режимо Бакиев Жанышна а, цуьнца цхьаьна хиллачарна а тIе ца кховдуьутуш статус елла", - хета Атамбаевна.

Бишкекерчу Первомайскан кIоштан кхело Мангал-баттахь набахтехь даккха 11 шо а, ши бутт а хан кхайкхийра Атамбаев Алмазбекана, цуьнан бахам схьа а боккхуш. Цул сов, экс-президентера дIаяьхна цунна елла хилла пачхьалкхан мидалш а, орденаш а, сийлахь цIераш а.

Нохчо Батукаев Iазиз вина 1966-чу шарахь Чуйскан мехкан Токмак гIалахь. Криминалан гонашкахь цуьнан цIе дуьххьара яккха йолийра 1990-чу шерашкахь. 2006-чу шарахь 16 шо а, 8 бутт а хан тухуш, цуьнан бахамна конфискаци йира. Иза бехкевора стаг верна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, яккхий къепенаш латторна а. 2021-гIа шо юккъе гIоьртича чекхйолуш яра цунна тоьхна хан.

Батукаев Iазиз, низамца а доцуш, маьршаваккхар коррупцица доьзна ду аьлла, гIиргIизойн 19 хьаькамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна. Царах 14 стаг резахиллера шайн лаамехь тоьшаллаш дан, таллам дIабахьа аьтто бан.

ГIиргIизойн исторехь уггар дукха дуьйцучех ду ала тарлуш ду "Батукаевн дов". Полицин релизо бахарехь, 451 тептарх лаьтташ ду бехктакхаман гIуллакх. Жоьпе ийзочу нахалахь ву президент хилла Атамбаев Алмазбек а, хилла могашаллин министр а, шераш хьалха даккхий гIуллакхаш карахь лелла кхин а массех стаг а. Ткъа дов айдайтинарг ю Жогорку Кенеш – парламент.

Тоьшаллаш дала талламчашна тIе цаварна, президент хилла Атамбаев Алмазбек лаца Iедало ерриг а полици а тIехь гIаттийра. Масех дийне елира иза лоцуш Кой-Ташехь ницкъаллин структураша дIаяьхьна леррина операци.

2013-чу шеран бIаьста, вон цамгар кхетта ву аьлла йолчу лоьрийн экспертизанна тIе а тевжаш, Нарын гIалин кхело мукъаваьккхира набахтера Батукаев Iазиз – ГIиргIазойчохь вина а, кхиина волу нохчо. Ша арахоьццушехь, кеманца Нохчийчу дIавахара Батукаев.

Иза харцонца мукъаваьккхина набахтера, аьлла гIара айира мехкан парламенто. Цкъа айдеш, тIаккха дIакъовлуш латтийра Батукаев набахтера араваккхарх долу дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG