ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзар студенташ Минскехь протесте бевлира. Уьш дIалоьцуш йирзира акци


Минскехь студентийн марш
Минскехь студентийн марш

Дешаран шеран хьалхарчу дийнахь протесте довлар доьхуш, пачхьалкхан оппозицино кхайкхам бинчул тIаьхьа Белорусин шахьарехь марше бевллера эзарнашкахь студенташ. Президентна Лукашенко Александрна дуьхьал хиларан символца, цIен-кIайн байракхашца, Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Минскан юккъехь вовшахкхеттера студентийн ковранаш.

Бакъонашларъяран "Вясна" тобан зерашца, мел лахара а, 55 протестхо дIалецира цу дийнахь.

ОМОН-о дIасабохийнера гIалин масех меттигах гулбелларш.

Байначу беттан 9-чохь харжамашкахь толам баьккхина аьлла, дIакхайкхийра 26 шарахь пачхьалкхан урхаллехь лаьттина Лукашенко Александр. Харжамийн жамIаш харц ду аьлла, тешна бу дуккха а.

Харжамаш бирзинчул тIаьхьа эзарнашкахь бахархой пачхьалкхан урамашка бевлира, шаьш дуьхьал хилар хоуьйтуш. Цара тIедожийра 66 шо долчу лидерна дарж охьадиллар, политикан тутмакхаш маьршабахар, керла, маьрша, нийсонца харжамаш юха дIабахьар а.

Европан дуккхаъчу пачхьалкхаша а, иштта, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, кхечу мехкаша а тIе ца дуьту харжамийн жамIаш, цара емалво Лукашенко протестхой лакъо гIортарна а, оппозицица харжамаш хилале а, бирзинчул тIаьхьа а репрессеш лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG