ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мухьаммад Пайхамарна ехкина карикатураш юха арахоьцуш ю «Шарли Эбдо»


 «Шарли Эбдо» журналан редакцина динчу тIелатарехь байъинарш
«Шарли Эбдо» журналан редакцина динчу тIелатарехь байъинарш

2015-чу шарахь радикалан бусулбанаша Мухьаммад Пайхамарна йина карикатураш бахьана долуш тIелатар динчу «Шарли Эбдо» журнало юха арахоьцуш ю шайн карикатураш. ХIетахь вийра 12 стаг, шайлахь журналан коьрта редактор а, ши суртдиллархо а, ши полисхо а волуш. Хаам бина цунах лаьцна "Маршо" радион "Азаттык" сервисо.

«Шарли Эбдо» редакцин бьелхахоша бахарехь, шайн байъина коллегаш дагалоцуш юха зорбане йохуш ю цара карикатураш.

Мухьаммад Пайхамарна ехкина карикатураш тIехь йолу журнал зорбане доккхур ду, шеконашца лаьцна 14 стеган кхелан процесс йолалучу юкъанна. Уьш бехкебо, радикалан исламхошна ахчанца гIо латторна. Бехкевечу 14 стагах кхоъ лехамашка ву.

Талламчийн информацица, тIелатар дан масех де диссинчу заманчохь, уьш бевдда бахана тIемаш боьлхучу Шеман а, Иракъан а дозане.

2015-чу шарахь Дечкен-беттан 7-чохь ши ваша Куаши СаIид а, Шериф а "АллахIу Акбар" бохуш, маьхьарий а детташ, "Шарли Эбдо" журналан редакцин гIишло чу иккхинера, герзаш а детташ. Ведда къайлавала аьтто баьллера цу шиннан, амма, ши де даьлча йоьдучу леринчу операцехь полисхоша вийра и шиъ.

ТIелатарх жоьпалла шайна тIелецира террорхойн "Аль-Къайдан" тобанхоша а, "Исламан пачхьалкх" шайх олучу организацино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG