Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь йовзийтинчу статистикаца, Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла ву пачхьалкхан 82 регионера 1 000 048 стаг. Оцу боллу пандемин муьрехь велла вирусах 17 299 дархо, гIоле хилла 815 эзар сов пациентана.
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а пачхьалкхехь COVID-19 вирус кхетта 4 729 вахархо ву, кхелхина 123 дархо.
Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Москвахь - 641 пациент, Санкт-Петербургехь - 185, Москван кIоштахь -156, Ростовн махкахь - 133, Нижегородскан кIоштахь - 132.
Мел а кIезиг бу вирус токху нах Нохчийчохь - 4 стагаца къаьсттина ун тIаьххьарчу 24 сахьтехь.
Псковн кIоштахь - кхоъ, Чукотскан автономин гонашкахь - цхьаъ.
Коронавирусан шолгIа тулгIе хир яц аьлла, дегайовхо хиларх дIахаийтира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира байначу беттан 27-чохь. Иза тешна ву, эвсара, кхачам боллу хьесапаш кхочушдина хиларна, эпидеми кхин дIа ца яржийта аьтто баларна.