ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь велла уьнах 6 стаг, цомгаш хилла 532


Kyrgyzstan. COVID-19. coronavirus. laboratory
Kyrgyzstan. COVID-19. coronavirus. laboratory

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь ялх стаг велла коронавирусан инфекцих, ткъа вирус къаьстина кхин тIе а 532 вахархочуьнца. Эпидемица къийсам латточу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхоъ, Краснодаран махкахь шиъ, Ставрополан кIоштахь велла цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина COVID-19 вирусах 1 199 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан махкахь - 127:

Ставрополан кIоштахь+127 (12 237 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран махкахь̆ + 88 (11 382)
ГIалмакхойчохь +85 (4 411)
Дагестанехь +72 (11 145)
Кхарачой-Чергазийчохь+53 (5 216)
ГIалгIайчохь+30 (4 454)
ГIебарта-Балкхаройчохь+28 (6 570)
Къилбаседа ХIирийчохь+23 (4 966)
Адыгейхь +20 (3 425)
Нохчийчохь +6 ( 2280)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь верриг а коронавирусан ун токхуш ву 65 697 стаг.

Ткъа Оьрсийчохь бу уьш, оперативан штабан зерашца, 1 005 000.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG