ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина ялх пациент, вирус хааелла кхин а 525 стагаца.
Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабо динчу зерашца, Ставрополан кIоштахь а, Дагестанехь а велла кхоккха стаг.
COVID-19 ун даьржичхьана Къилбаседа Кавказехь 1205 пациент кхелхина.
Къаьсттина дукха бу цомгаш нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Ставрополан кIоштахь - 130 стаг:
- Ставрополан махкахь +130 (12 367 ву эпидеми яьржичхьана)
- Краснодаран кIоштахь + 90 (11 472)
- ГIалмакхойчохь +79 (4 490)
- Дагестанехь +74 (11 219)
- Кхарачой Чергазийчохь +56 (5 272)
- ГIебарта Балкхаройчохь +29 (6 599)
- Къилбаседа ХIирийчохь +23 (4 989)
- ГIалгIайчохь +23 (4 477)
- Адыгейхь +15 (3440)
- Нохчийчохь +6 (2 286)
Къилбаседа Кавказехь таханалерачу дийнахь COVID-19 вирусах ун даьлла ву 66 222 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь къаьстина коронавирус 1 009 995 вахархочуьнца.
Федералан статистика ца йогIу меттигашкарчу терахьашца. Даржхоша цуьнан бахьана дузу пачхьалкхан коьртачу урхаллашкахь а, меттигашкахь а статистика лелоран кепаш тайп-тайпана хиларца.