ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалойн могIарш дузуш хиллачунна йина кхел юхаэцна Нохчийчохь


Шела гIалин кхело юхалиста хьажийна гIаттамхойн могIарш дузуш хилла аьлла, бехкевина, набахтехь даккха 8 шо хан тоьхначу Нохчийчуьрчу вахархочун Г. Х-н гIуллакх. Мехкан Лакхарчу кхело билгалдаккхарца, юьхьанца дов хаьттинчу кхело тидаме ца эцна бехкевечун дохковалар а, талламхошца юкъахь болх бар а. Нохчийчоьнан прокуратурано хаамбарехь, юхалиста хьажийна гIуллакх.

Талламчийн версица, 2016-чу шарахь меттигера вахархо бертавало гIиртина иза Шемарчу даIишхойх дIакхета. Иштта новкъавала ахча а цхьана делла хилла цунна.

Кху аьхка колонехь даккха ялх шо хан кхайкхийра Къилбан тIеман кхело Таймусханов Султанна, терроризмна бехке а вина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG