ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къам кхоччуш охьатаIо бохку уьш". Стенна оьшу Кадыровна арахьарчу нохчашца зIе?"


Маршо Радион коллаж
Маршо Радион коллаж

Нохчийчуьрчу Iедало ша дозанал арахьарчу махкахошца зIе латтонйолу агенталла кхолла дагахь ду аьлла. Иза оьшу, боху, Оьрсийчуьра дIабахначу нохчашна гIоьнна. Ткъа Европера а, дуьненан кхечу маьIIешкара а диаспораш ца теша Кадыровс и агенталла шайн дуьхьа кхуллу бохучух. Даймахкара Iедал шайна тIе "нуьйр тилла" гIерта аьлла хета царна. Нохчийчуьрчу Iедалера гIо оьшуш меттиг бац, гIо шайна Кадыровх йозуш йоцчу нохчийн юкъараллаша латтадо, олий, хеза диаспорашкара жоп. Кавказ.Реалиица къамел динчу нахана хетарехь, даймахкарчу Iедалан баккъал а шен къомах доглозуш хилллехь, дезар дацара церан Нохчийчуьра дIабаха.

"Рамзан Ахматовичан омрица кестта шен болх дIаболор бу арахьарчу махкахошца зIе латточу Нохчийчоьнан къоман агенталло. Цо юридикан гIо а латтор ду, оьшучохь хьехамаш а бийр бу дозанал арахьа бехачу махкахошна", - дIахьедира байначу беттан 28-чохь Нохчийчоьнан информацин а, зорбан а министра Дудаев Ахьмада.

Министра дийцарехь, онлайн-дарсаш схьайоьллур ю нохчийн мотт Iамо луучарна, кхоьхьуьйтур ю Европе Iаманташ, дийр ду гIо де эшна меттиг нисъеллачунна.

Ткъа ша Кадыровс дуккхаза а баьхна Малхбузехь бехачу нохчашка, ша таIзар дийр ду "мотт багахь сацалуш боцчарна".

Дац иза деса къамел - дукха ю цо аьлларг кхочуш дина меттигаш. Австрин коьртачу шахьарахь Товбеца-беттан 4-чу дийнахь герз тоьхна вийра YouTube-хула Кадыров аьшнашвеш хуьлу блогер Умаров Мамихан. Кхушеран Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIалахь вийна карийра Кадыровна критика еш лелла блогер Алиев Iимран. Швецехь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь кIелойира Кадыровн кхечу критикна-блогерна Абдурахманов Тумсона, амма иза дийна висира киллер эшон аьтто балар бахьана долуш.

И ирча хиламаш дагахкхетта беха Европера нохчий дан а дац тоьшийла Нохчийчуьрчу Iедал диканна хьийза уьйр лоьхуш бохучух. ГIо дац шайга кхийдориг – гур бу, аьлла хета царна.

Мухха а делахь а, диаспорашна "гIодан" гIаттийна Iалашо кхочушъян йоло сиха вац Кадыров. Масала, хилла дац цуьнан гонан къамел Туркойчохь нохчашна накъосталла латтош йолчу Kafkasder юкъараллица.

"Соьца цара ишта къамел дийр дац. Цхьана ца богIу тхан кхетамаш а, некъаш а. Европехь а, дуьненан кхечу меттигашкахь а беха нохчий кьуйга кIелъэца гIерта уьш. Туркойчохь а, Европехь а дукха хIаллакбина Кадыровна духьалберш. Оцу балханна кхолла тарло цара шайн центраш, церан куьйгашца ден зуламаш дIашордеш", - аьлла хета Kafkasder куьйгалхочунна Висхаджиев Iелина.

"Мотт багахь сацалуш боцчарна" Кадыровс туьйсу кхерамаш ца тов Висхаджиевна. "Шайгара олалла чIагIдан, дозанал арахьа шайн кхетамца беха нохчий а талорна буха бохка гIерта уьш. Нохчийн меттан Iаманташ, курсаш – и дерриг а долуш ду хIинца. Оха далург до уьш хилийта. Мукъаденошкахь болх беш меттан школаш а ю тхан, тхаьш хьоьху оха тхайн берашна. Туркойчу 19-чу бIешерашкахь баьхкинчу махкахошца зIе а латтайо оха. Цара ларбина шайн мотт. Пачхьалкхаца бина барт а бу тхан тхох верг Оьрсийчу юхахIажор воцуш, цига юхахьажийнарг вен кхерам буйла а хууш. Туркойчохь ма-луъу маьрша лела аьтто бац цкъачунна кадыровхойн. Яц кхузахь церан векалт а", - дийцира Висхаджиевс.

Нохчийн доладеш делахь, уггаре хьалха и дола Кадыровс даймахкарчу бахархойн дан деза, тешна ву Швецехь куп тоьхна йолчу бакъоларъяран "Вайфонд" юкъараллин куьйгалхо Садулаев Мансур. И хаам хезча [махкахошна гIодар], суна нохчийн цхьа бегаше хабар дагадеара. Дарбан цIийне виллинчу дена тIаьхьавахана кIант: "ХIун юуур яра ахь, Дада, кхехкийна котам, кхаьрзина бад, еттина москал? Алахь!" Цуьнан къамел а хадош, дас олу: "Седа дуьхьал гIойла шу! Аш оццул дика кхобуш хиллехь со-м кхуза кхочур а вацарий! " КадыровгIеран оццул чIогIа къомах доглозуш хиллехь, оьшуш ма дацара нохчашна, тховкIело йоьхуш, Европехула, кхечу континеташкахула, дуьне ма-дду бевлла лела. Кадыровн гIоьнца Оьрсийчоьно накъосталла латто деза шен куьйга кIел бехачу нохчашна. Царна тIера цIоканаш а ца йохуш, алапаш а ца сецош, талорна кIел а ца кхобуш. Хьал иштта ца хилча, махкара ида дезар дацара нехан, тховкIело леха хьашт хир дацара".

Бакъоларъярхочо билгалдоккху дозанал арахьара нохчий белхашкахь бохкуш хилар, цара даймахкарчу гергарчарна ахча кхоьхьуьйтуш хилар. ГIодийраш мухIажираш бу, царна ца оьшу гIо, я юридикан накъосталла а ца оьшу Кадыровгара, боху Садулаевс: "Бухарчу Iедалера гIо долуш ду Европехь, болх а бу – дерриг а ду. Кадыров винчу денна, цуьнан кIант винчу денна, бохуш, алапаш а ца сецадо кхузахь. Уьш тхуна хIун гIо хилийта бохку кхеташ дац".

Европерчу нохчийн яккхийчу диаспорех ю Австрехь ерг. Цигахь алссам тидам латтабо берашна нохчийн мотт хьехарца, юкъараллаш ю царна къоман ламасташ, гIуллакх-гIиллакх Iамош.

"Оха леррина ларбо мотт. Суна ца хаьа, хIун ойла ю Кадыровн. Хаа а ца лаьа. Ялх шо ду оха жигара, тхаьш дечух пайда а хуьлуш, болх дIакхоьхьу. Къам лардан Iалашо ю тхан. ХIора дийнахь гулло божарий, зударий, оха доггах Iамабо кегийнаш къоман амалехь баха. ХIора кIиранах лела бераш мотт шарбан, оха тхаьшлахь ца буьйцу вовшашца нохчийн мотт бен. Йовзуьйту Нохчийчоьнан культура, истори. Тхуна ца оьшу кадыровгIаьрца юкъарло, царна а ца оьшу тхоьца юкъарло", - элира Кавказ.Реалиига Австрерчу Нохчийн а, ГIалгIайн а Кхеташонан куьйгалхочо Мусаитов Шайхис.

Дагадоуьйтуш: стохка Францерчу Страсбургехь кхоьллира "Европерчу нохчийн ассоциаци". Шен Iалашо цо кхайкхийра нохчийн диаспорашна къоман ламасташ лардан аьтто бар а, пачхьалкхашкарчу бахархошца бертахь дахар нисдеш гIодар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG