ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша лаьцначул тIаьхьа тIепаза вайна шен цIийнда, боху ГIалгIайчуьрчу яхархочо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Байначу беттан 23-чохь дIахьочу контртерроран операцехь лаьцна, вигина ГIалгIайчуьра Обаргийн-Юьртара (Троицкая) 45 шо долу Гандалоев Руслан волу меттиг хоуьйтуш бац полисхоша цуьнан гергарчарна. Цуьнан хIусамнанас Гагиева Лейлас бина и хаам Кавка.Реалии портале.

"ФСБ-н машенахь хеттарш дина хиллера цуьнга, цул тIаьхьа дIавигина, амма билггал аьлла дац, иза латточу меттигах. Цунна юург-мерг а, молханаш а, тIеюху хIума а дIа ца йолуьйту соьга. Ас сагатдо цуьнан могашаллина", - аьлла Гандалоевн зудчо.

Шен цIийнда лохуш гIо эшна меттигерчу бакъоларъяран "Мемориал" центре яьлла иза.

"Терроризмна йа террорхошца уьйраш хилла аьлла, шеконашка эцна нах, БуьритIерчу СИЗО-хь латтабо. Лаьцначун адвокат хила а бакъо ма ю, пачхьалкхо хIоттийнарг муххале а. Иштта дацахь, цуьнца лелориг дерриг а низамашкахь дац", - аьлла "Мемориалан" куьйгалхочо Акиев Тимура.

Ши дей, буьйсий далале лаьцначун гергарчаьрга дIахаийта дезаш ду, иза волчу меттигах аьлла, тIетоьхна бакъоларъярхочо.

Гандалоев лацарх информаци талла а теллина, шаьш хаам бийр бу элира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчуьрчу къайлахчу сервисийн урхалло. Материал зорбане йоккухчу хенахь а телефон тоханза яра.

Байначу беттан 23-чу дийнахь ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан Обаргийн-Юьртахь (Троицкая) Iедалан ницкъаша леррина операци дIахьош вийра кхо тIемало. Ницкъхойх лазийнера шиъ, хаам бира Оьрсийчоьнан антитерроран комитето. Хьалхо дара хоуьйтуш ши стаг вийна хиларх.

Вийна кхоъ ДАIИШ-ан агIонча вара, цаьргахь маса тоьпаш, тапчанаш, патармаш, лелха коьчалш яра, чIагIдора антитерроран комитето.

Кавказ.Реалиин хьостанаша бинчу хаамца, ГIалгIайчохь байъинчех цхьаъ ву Гадаборшев. Биснарш цкъачунна бевзаш бац.

Цхьана версица, тIом бинарш хила тарло Бютукаев Асланан тобанера тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG