ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигера хаамийн гIирсаш Iалашбийр бу Нохчийчуьрчу Iедалхоша


Зорбан министр Дудаев Ахьмад

Меттигерчу хаамийн гIирсийн а, урхаллийн а информацин кхерамзалла чIагIъян Iалашо ю Нохчийчуьрчу Iедалхойн. "ВКонтактерчу" шен пена тIехь бина цунах лаьцна хаам зорбан министро Дудаев Ахьмада.

"Сан тIедилларца, уггар а йоццачу хеначохь юкъаялор ю хаамийн гIирсаш а, урхаллаш а Iалашъен массо а оьшу информацин технологеш, иштта республикерчу хаамийн гIирсийн белхахошна лерина, церан IT-технологин декъехь хаарш лакхадохуш, семинараш а вовшахъеттар ю", - аьлла, яздина Дудаевс. Иштта министро дIахьедина, шен урхалло тIейогIучу заманчохь шайна чуйогIучу хьукматашкахь талламаш а бийр бу аьлла.

Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира "экстремизман а, малхбузен мехаллийн а идеологашца" къийсам эвсарабаккха безар бу аьлла. Оцу балхана тIехь терго латтор зорбан министрна Дудаев Ахьмадна кхачийра.

  • Стохка гурахь "Грозный" телеканалан эфирехь Кадыровс емалбира, цунна хетарехь, интернетехь "сий дойъурш". "Адамашна юкъара барт эгIош, эладитанаш дуьйцуш, нахана юкъа цимаш туьйсурш. Нагахь санна, и нах вай совца ца бой, байъина а, чубоьхкина а, кхерийна а, вайчух гIуллакх хир дац", - аьлла, дIакхайкхийра Кадыровс.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG