ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра Мисара а, Эмираташка а, Мальдивашка а кеманаш гIуьттур ду


Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила тIедилларца, Мисара а, Iарбойн Цхьанатоьхначу Эмираташка а, Мальдивашка а кеманаш лелар юха дIадолийна. Пачхьалкхан урхаллан сайтехь зорбане даьккхина оцу кепара документ. Карарчу заманчохь Оьрсийчоьнан бахархойн таро ю ворхI паччхьалкхашка баха, хьалхо схьадиллира Британи а, Швейцари а, Туркойчу а, Занзибаре а кхачон дозанаш.

Коронавирусан эпидеми яржарна кхоьруш бIаьстенан чакхенехь Оьрсийчоьно дIакъевлинера дозанаш, совцийнера дуьненаюкъарчу мехкашка лела кеманаш а тIаьхь. ХIетте а, аьхкенан юккъерчу хене кхаччалц дIасалелаш дара кеманаш Минске, амма тIаьхьо уьш а совцийра.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна шайн кеманаш лоьлуьйтуш ду Великобритани а, Туркойчу а, иштта схьадиллина некъаш Танзанина а. ТIаьхьо бакъо елира Швейцари рейсаш ян а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG