ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Э" Центрехь лелийначу Iазапех веллачу Долиевн гергарчарна 2,5 миллион сом ахча далар тIедожийна кхело


Экстремизмна дуьхьало латточу Центрехь лелийначу Iазапех кхелхинчу Долиев Мохьмадан гергарчарна 2,5 миллион сом ахча дала тIедожийна Магасан кIоштан кхело ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана. Веллачун дена Долиев Мухарбекна суьдхоша цхьа миллион хIоттийна, вешина Долиев Назирна а, йижаршна Долиева Фердосна а, Темирбиева Асетна а 500 эзар сом. "Зона права" юкъараллаца болх бечу адвокато Сабинин Андрейс бина и хаам.

"Э" Центран гIишло чохь 2016-чу шеран аьхка велира Долиев Мохьмад. Банкана къола динарг хьо ву ала бохуш, ницкъбина хиллера цунна тIехь. Талламо тIечIагIдина, Долиевн коьртах тIоьрмиг а боьллина, цунна ток еттийтина хилар. Ши шо даьллачул тIаьхьа Нальчикерчу тIеман кхело сацам бира оцу зуламна бехкеволчу ворхI декъашхочун хьокъехь.

"Э" Центран а, ФСБ-н а, полицин а хиллачу ялх белхахочунна кхаа шарера 10 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш йиттира, цхьанна арахь яккха хан кхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG