ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty: "инзаречу терахьашкахь" леш бу COVID-19 вирусах лоьраш


Дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино дIахьедо, мел лахара а, ворхI эзар медицинан белхахо доллу дуьненахь кхелхина хиларх коронавирусан уьнах. Организацино билгалдоккху, вирусца къийсам латтош, хьалхарчу могIаршкахь болчу нахана инфекцех уьш ларбен хьакъ доллу гIирсаш латтон беза.

"ХIора могашаллаIалашъяран белхахочун бакъо ю балха тIехь Iалашвала, оццул лакхара мах цаьрга болуьйтийла дац. Пандеми яьржина дуккха а беттанаш доллушехь, тахана а инзаречу сихаллица леш бу лоьраш а, медицинан белхахой а, къаьсттина, Мексикехь а, Бразилехь а, Американ Цхьанаьнатоьхначу Штаташкахь а. Оцу юкъанна Къилба Африкехь а, ХIиндойчохь а маса даьржаш долчу уьно гойту, массо а пачхьалкхаша цхьа барамаш лелон безаш хилар", - аьлла адамийн бакъонаш Iалашъечу экономикан а, социалан а нийсонан Лондонерчу декъан куьйгалхочо Кокберн Стива.

Пандемин заманчохь Мексикехь велла 1 320 медицинан белхахо. 610 эзар вахархочух хьакхаделлера ун, 66 эзар дархо велира COVID-19 вирусах.

Кхелхинчу медицинан белхахойн ма-дарра жамIаш до Мексикан Iедалхоша. Таханалерачу статистикаца, 97 632 ву цомгаш хилла медик.

Иштта Amnesty International юкъаралло билгалдаьккхина, коронавирусо къаьсттина зенаш динчу пачхьалкхашкахь лоьрашлахь баларш дукха хилар:

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь— 1 077;
Вовшахтоьхначу Паччахьаллехь— 649;
Бразилехь— 634;
Оьрсийчохь— 631;
ХIиндойчохь— 573;
Къилба Африкехь— 240;
ГIажарийчохь— 164.

"Кхечу адамашна гIо кхачон гIерта ворхI эзар медик кхалхар - боккхачу барамехь кризис ю", - аьлла Кокберна.

Amnesty International организацин бакъоларъярхой тешна бу, медицинан белхалошлахь лечийн терахьаш мел а лахдина хир ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG