ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь уьнах кхелхина итт дархо, цомгаш хилла кхин а 555


Коронавирусан инфекцица хилла итт дархо кхелхина тIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь, вирус къаьстина кхин тIе а 555 стагаца. Ун ца даржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Ставрополан кIоштахь велла кхо стаг, Краснодаран махкахь а, Кхарачой - Чергазийчохь а шишша кхелхина, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Адыгейхь а велла цхьацца.

COVID-19 вирус кхетта ву Къилбаседа Кавказехь таханалерачу хаамца, 1 215 пациент.

Ставрополан кIоштахь бу алсам цомгаш нах тIаьххьарчу зерашца - 132:

Ставрополан махкахь +132 (12 499 ву ун даьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 92 (11 564)
ГIалмакхойчохь +83 (4 573)
Дагестанехь +73 (11 292)
Кхарачой-Чергазийчохь+63 (5 335)
ГIалгIайчохь +33 (4 510)
ГIебарта-Балкхаройчохь+30 (6 629)
Къилбаседа ХIирийчохь+24 (5 013)
Адыгейхь +21 (3 461)
Нохчийчохь+4 (2 290)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла ву верриг а 66 777 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь 1 015 105 вахархочуьнца къаьстина вирус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG