ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шарли Эбдона" неIалт кхайкхийна Нохчийчуьрчу Динан урхалло


Муфти Межиев Салахь
Муфти Межиев Салахь

Нохчийчоьнан муфтийс емалдина "Шарли Эбдо" журнало Мухьаммад Пайхамарна шаьш ехкина хилла карикатураш карлаяхар. Францин журнало Пайхамар сийзазвеш карикатураш юха а зорбане яхар - иза рогIера жоьпазаллин болх хилла ца Iаш, цхьана Iалашонца Малхбузено Исламна а, йоллу бусулбачийн юкъараллана а дина тIелатар ду. Цо дуккхаъчу нахана зенаш дан а тарло аьлла муфтис Межиев Салахьа.

"Нохчийчуьрчу Динан урхаллан цIарах оха неIалт кхайкхадо шуна, шайтIанаш, иблисаш! Шайн белхан хинйолчу тIаьхьалонан жоьпалла шуна тIехь хир ду! Шу сийсаза, ямарт нах ду, шина кога тIехь лела хIуманаш ю, акхарой а шух олийла дац. Сийначу цIарах догийла шу! НеIалт хуьлда шуна",- аьлла Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа.

2015-чу шарахь радикалан бусулбанаша Мухьаммад Пайхамарна йина карикатураш бахьана долуш тIелатар динчу «Шарли Эбдо» журнало юха а арахийциар кху деношкахь шайн карикатураш. ХIетахь динчу тIелатарехь вийра I2 стаг, шайлахь журналан коьрта редактор а, ши суртдиллархо а, ши полисхо а волуш. «Шарли Эбдон» редакцин белхахоша бахарехь, шайн байъина коллегаш дагалоцуш, зорбанехь карлаехира цара карикатураш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG