ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу пачхьалкхера веанчу вахархочух шеконаш ю полицин, цо террорхошна ахча хьажийна аьлла


Кхечу пачхьалкхера Анапе веанчу 28 шо долчу жимчу стага шена вевзачуьнга террорхойн организацин чоьта тIе ахча даккхийтина аьлла, шеко ю талламчийн.

"Кхунна ца хиина цуьнан зуламечу Iалашонех. 2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь а, ГIадужу-баттахь а кхечу махкара веанчун дехарца цо билгалъяьккхинчу чоьта тIе ахча дехьадаьккхина хилла", - хаамбо Краснодаран кIоштарчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.

Терроризмна ахчанаш латторна аьллачу артиклехь бехкзуламан гIуллакх долийна кхечу пачхьалкхера веанчунна дуьхьал.

ТIаьххьарчу заманчохь Къилбаседа Кавказехь дукха нахана таIзарш дина оцу артиклехь. Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо Гуев Георгий бехкевира, адвокаташа бахарехь, гIоьналлин организацин чоьта тIе ахча даьккхинчул тIаьхьа, террорхошна ахча хьажийна аьлла.

Оццу бехкана кхеле озийра Дагестанерчу "Черновик" газетан редактор Гаджиев Iабдулмумин а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG