ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Россия" телеканало хиллачу терактах лаьцна яьккхина кино гайтина ФСБ-н пурбанца Бесланерчу школехь


Къайлахчу сервисийн пурбанца, Бесланерчу лоьмар 1 йолчу школехь гайтина "Россия" телеканалан журналисто Рогаткин Александра яьккхина терактах кино, дийцина "Бесланера наной" комитетан куьйгалхочо Дудиева Сусаннас. Телехьожийлехь официалехь гайтале школехь трансляци йина филман.

Оцу юкъанна, хьалха могуьйтуш дацара цу теманех лаьтта талламаш бина кинош теракт хиллачу школехь гайта, аьллачу Дудиеван дешнаш далийна "МБХ" ресурсо.

"Ас хаьттинера тхайн кIоштан администрацехь, оха дехарш дечу хенахь керла кинош гайта бакъо стенна ца лора, ткъа хIара кино гайтина аш аьлла. Цара боху ФСБ-но пурба делла. Иштта схьаэлир-кх соьга, иштта дIа ас а боху-кх", - аьлла, билгалдаьккхина Дудиевас.

"Россия" телеканалан болх профессионале бацара, чакхе муха хир ю а хууш кино яра иза аьлла "Бесланера нанойн" куьйгалхочо. Шо хьалха Дудь Юрийс арахецначу филмана дуьхьал яьккхина кино яра иза аьлла хьажам бу цуьнан.

2004-чу шеран дешаран хьалхарчу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша, Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош, дIалецира Бесланера № 1 школа.

ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лелхийтарш дира школа чохь. Уьш мукъабохуш Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а.

Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш вара.

Блогеро Дудя Юрийс яьккхинчу "Беслан.Помни" филмо а, "Новая газетан" "Школа номер один" документалан кинос а дукхачу нехан терго тIеозийра Бесланерчу школехь закъалтехь латтийна, чевнашца болчу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG