ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Схьайиллина диъ де даьллачул тIаьхьа коронавирусна тIехула Францехь дIакъевлина 22 школа


Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь схьайиллира Францино шайн школаш, ткъа тахана дешаран министро дIахьедина, коронавирус яржарна 22 школа дIакъовлуш ю шаьш аьлла. Францин материкан декъа тIера 10 доьшийла а, дукха хан йоццуш вирус чIагIъеллачу Реюньон гIайри тIера 12 школа а дIакъевлина хIинцале а, яздо AFP гIирсо.

Дешаран министро Бланкер Жан-Мишеля дийцина Europe 1 радиога, школашка бераш схьадаьхкина реза ву ша аьлла. Лоьраша школашкахь денна талламбо COVID-19 вирус зьйш 250 инцидент. Нагахь санна, кхаанна лазар хьакхаделла меттиг нислахь, школа дIакъовлу.

Бланкера дийцарехь, дIакъевлинчу 22 школехь ун даьлла хила тарло "доьшийлел а арахьа аьхкенан хенахь".

60 эзар гергга школаш ю йоллу Францехь. Еарин дийнахь пачхьалкхеь 7 157 стаг къаьстина ун даьлла. Юха а нах карантине ца бохуьйтуш, Iедалхоша шайн ницкъ берриг дийр ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG