ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьшийлашна тIелетарш дан кечлуш хилла 13 стаг лаьцна шаьш боху ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкарчу дешаран хьукматашна а, нах гуллучу меттигашкахь а тIелетарш дан кечлуш хилла 13 вахархо лаьцна шаьш аьлла, дIахьедина къайлахчу сервисаша (ФСБ). "Интерфакс" агенталло яздо цунах лаьцна, ФСБ-н юкъараллашца зIенаш латточу Центрна тIетевжина.

Цара бахарехь, лецначех дукхахберш къевлинчу интернет-группехь хилла. Нах байъа кечамаш беш хилла цара, куьйгайинчу лоьлхуьйутургех а, уьрсех а, цIе тосучу коьчалех а пайда а оьцуш. Цул совнах, кхин а нах шайн могIаршка ийзон гIерташ а хилла уьш. Лоьлхуьйтурш муха йо дуьйцу инструкцеш а, тIелатар дан тергоне эцначу доьшийлийн а, полицин дакъойн а схемаш тIехь йолу дневникаш а, зIе латтон гIирс а баьккхина лецначаьргара.

Иштта, церан хIусамех хьоьвсича карийна кийча лоьлхуьйтурш а, таллархойн а, травматикан а герзаш а, уьрсаш а аьлла ФСБ-н векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG