ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара цIабалийначу кегийрхошка Соьлж-гIала цIанъяйтина


Москвахь низамаш хьоьшуш, харцхьалелаш бара аьлла, цIабалийна Нохчийчоьнан бахархой юкъарчу белхашка дIахьовсийна аьлла церан гергарчу наха, яздо "Кавказский узел" агенталло. Даймахка бигина дукхахболу кегийрхой къаьхкина социалан машанарчу жигараллех аьлла, дийцина Москварчу нохчийн диаспорехь а.

Агенталле дийцина Москвара цIа валийначу цхьаннан вашас: Сан ваша а вара цаьрца, хьалхо гIишлошъечу фирме балха ваха дагахь дIаваханера иза Москва. ТаIзар такхийтира цуьнга, маьждигна хьалхара меттиг а цIанйойтуш, нехаш дIалехьош. Тхан юьртан полисхочо тIехь терго латтайора цунна. ХIинца гIишлошъечу меттиге болх бан хьажийна иза".

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 4-чохь Москвара цIабалийначу, "наркотикан а, психотропан а препараташ муьйлуш" бара аьлла, лецначу кегийрхошца къамелаш дарх пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а.

"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур болуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG