ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра вахархо бехкево, гIаттамхошца уьйрашкахь хилла ву аьлла


Гандалоев Руслан

ГIалгIайчуьрчу Обаргийн-Юьртан (Троицкая) 45 шо долу вахархо Гандалоев Руслан шина баттана чохь вуьтур ву, гIаттамхошца хилла ву ша аьлла, цо дIахьединчул тIаьхьа. Махкарчу Талламан комитето дина и дIахьедар.
"Цо ша олуш ца хазахь, со тешар яц, - боху Кавказ-Реалиига Гандалоевн хIусамнанас Гагиева Лайлаа. - Масех дийнахь лачкъийна а латтийна, иза волу меттиг а ца буьйцура соьга. Цхьана метттигера кхечухьа а вуьгуш, лелийначух тера ду. Ши кIира сов хан яьхьира ас иза лоьхуш. ХIинца боху соьга Карабулакерчу СИЗО-хь ву иза. Цига йоьдуш ю со, цунна цхьацца хIума дIакховдо. Байначу беттан 23-чохь, иза дIавигичхьана дуьйна тIера бедар хийцина вац Руслан. Селхана, ур-атталла, суна гайта а реза ца хилла уьш. Пачхьалкхан цIарах цунна веллачу адвокатна гина хиллера иза, йиттина яц-м бохур цо цунна".

Лаьцначул тIаьхьа ГIалгIайчохь ца латтийна Гандалоев боху республикерчу "Мемориал" офисан куьйгалхочо Акиев Тимура. Цуьнан информацица, террорхошна гIо дина аьлла хета нах, цара БуьритIе дIабуьгуш бу, Къилбаседа ХIирийчоьнан шахьара.

"Нагахь санна, иза кхуза схьавеллехь, уьш тешна бу-кх, ша дина тоьшаллаш цо хуьйцур дац аьлла. Дахначу деношкахь ГIалгIайчохь иза ца хилла хила а тарло. Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Сунжан кIошта полицин декъе телефон тоьхнера Лайлаа, цара шаьш долчахь вац аьлла, жоп деллера", - билгалдоккху Алиевс.

Байначу беттан 23-чохь йоьдучу контртерроран операцехь лецира Гандалоев Руслан. Полисхоша цхьа юкъ яьхьира, иза волу меттиг гергарчарна ца хоуьйтуш.

Къоман антитерроран комитето дIахьедира, хиллачу инцидентехь кхо стаг вийна, шинна чевнаш йина аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG