ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терроран герз". Навальный Алексейна делла "Новичок" дIовш кхоьллинчуьнца къамел


Крутов Марк

Навальный Алексейна малийна "Новичок" дIаьвшан керла коьчал дуккхазза а кхераме хила тарло Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а 2018-чу шарахь деллачу дIаьвшал. И аьлла хета Маршо Радион оьрсийн сервисна интервью еллачу Мирзаянов Вилна – "Новичок" кхуллуш дакъалаьцначу химикна.

1965-1992 шерашкахь Советан Iедалан тIеман министралло а, къайлахчу сервисо (КГБ-но) а доладеш хиллачу химин технологийн талламийн пачхьалкхан институтехь (ГосНИИОХТ) болх бина Мирзаяновс.

"Новичок" дIаьвшан хьалхара тайпа А-230, цо бахарехь, 1970-гIа шерийн юьххьехь кхоьллира химика Кирпичев Петра, церан институтан Саратовна гергарчу Вольск гIаларчу филиалехь. "Новичок" дIаьвшах лаьцна Мирзаяновс 1992-чу шарахь дийцира дуьххьара.

СкрипальгIарна дIовш делла ши шо даьлча, Мирзаяновс дуьйцу, хIун башхалла ю царна а, хIинца Навальный Алексейна а деллачу "Новичокна" юкъахь, цунах муха ларбелла гонахара нах, стенна ца карийна оцу дIаьвшан лар Оьрсийчуьрчу лоьрашна.

– Британехь лелийна "Новичок" зуламе делира гонахарчу нахана. СкрипальгIар, Сергей а, Юлия а леллачу меттигашкахь талламаш беш, тIе леррина бедарш а йоьхна, хьийзира нах, ткъа чохь IатIар ду моьттуш, дIакхоьссина Iуьллу "Новичок" чохь лелийна шиша каракхаьчна Солсбери гIалара Эймсбери Дон Стерджесс елира. Навальныйна деллачу дIаьвшо стенна ца дина гонахарчу наханна зен?

СкрипальгIарна, Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIовш кхеттачу меттехь, Сосбери, Британи
СкрипальгIарна, Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIовш кхеттачу меттехь, Сосбери, Британи

– Муха делла хьаьжжина ду иза. СкипальгIарна дIовш дегIан чкъурах кхетарца хьайра, куьйгех хьакхаделлера. Ткъа Навальныйна, тешна а, малийна. Суна хетарехь, "Новичок" дIаьвшан кхин кеп ю цунна малийнарг – А-261. "Новичок" коьчалан молекулах амидинан могIара коьчал ца тухуш, гуанидин тоьхна. И кеп кхоьллинарг а ву Кирпичев Петр. Цхьаъ делахь, Солсбери гIалахь лелийначу кепал 10-зза чIагIа ду и дIовш. Шиъ делахь, иза кегийчу буьртигийн кепехь ду. Иэдало шекарх, чайнах а иэдало. Стаг вен тоьуш ду масех миллиграмм.

Иэдало шекарх, чайнах а иэдало

– ТIаккха вала стенна ца велла Навальный?

– И хаттар даима а хIутту, стенна ца велла. Ца леччул тоьхна хир ду. Вен а ца вуьйш, заьIап ван, юкъарваккха эшна хила мега.

– Германерчу лоьраша бахарехь, Навальныйн дегIера холинэстеразаш меттахIитта йоьлла, СкрипальгIар а денбелира, вайна ма-хаъара. ДIаьвшах тIаьхьало юьсур ю Навальныйца аьлла хета хьуна, стенна?

– Иштачу дIавшах нах буьззина тобелла меттиг ца хаьа суна. Советан заманахь и тайпа дIовш шех хьакхаделларг цкъа а ца вогIура шен балха юха, уьш метта а ца хIиттабора, массо а кхетара стаг оцу дIаьвшах вуьззина толуш воцийла (масала, вентилятор йохарца доьзна, цомгуш хилира "Новичок" лелош юьйцучу химин институтан белхахо Железняков Андрей, оццу коьчалх зулам делира иза кхоьллинчех волчу Iилманчина Углев Владимирна – Маршо Радион довзийтар).

– ХIинца лелийнарг "Новичок" коьчалан керла кеп елахь, иза юй гонахарчу нахана кхераме?

– Юьйцург керла кеп елахь, яц иза гонахарчарна кхераме, цуьнан Iаь сов еза ю, дIаса ца яьржа (СкрипальгIарна елларг, церан хIусаман неIарх хьакхнарг коча кеп яра - Маршо Радион довзийтар). Иза ур-атталла кехатах а чекх ца долу, чайнан пакетах тоьхча а тоьу. "Операторна" – иштта аьр вай террористах – кхераме дац, куьйга схьаэцна, чайна чу таса а. Декъа "Новичок" Кирпичевс юкъадаьккхина, Шиханы лабораторехь (Вольск гIалара филиал). Цо хьалха кхоьллинчу А-230 а, А-232 а кепел иттазза чIогIа ду иза.

Навальный Омскерчу дарбан хIусамехь
Навальный Омскерчу дарбан хIусамехь

– Муха ду иза, кегий буьртигаш, хIур, я кхечу хIуманах тера?

– А-261 гина дац суна. Луъучу кепе дерзало, кIеззиг хьакхийча, хIур бу иза, гарехь.

– Мел сиха "болхбан" долало и дIовш? Малийна мел хан яьлча?

– Гарехь, гай чу кхаьчча доладелла дIовш дIасадаржа – гонахара стагга а вац цунах зен хилла. Iалашоне хьажжина, хьанна ло а хууш, делла дIовш.

Гарехь, гай чу кхаьчча доладелла дIовш дIасадаржа

– Аьлча а, сихха цIийх кхетта-кх?

– Кхетта. Лоьраша шаьш денвийр ву боху [Навальный Алексей]. Ца хаьа. Ацетилхолин ("Новичок" дIаьвшо адаман дегIера йохош йолу коьчал - Маршо Радион довзийтар) оьшу, коьрто омра дIа а луш, бIаьргашка, дилхе, кхечу межешка болх байта. ДIаьвшо царех цхьадерг талхо мега.

– Омскера Навальный Германе ца вуьгуьйту, дIавшан лар доьза яллалц, бохуш, дуьйцура. Иза эрна дуьйцуш дара, "Новичокан" лар карайой бутт-ши бутт баьлча, ахшо даьлча?

– ДегIо шен хирриг до дIаьвшан лар йайъа. Оцу маьIнехь Оьрсийчоьнан урхаллаша дерриг а нийса дина: цара иза алссам мел латтаво, дIаьвшан лар ян мега. Амма оццу СкрипальгIеран масало гайтира, и дIовш иштта сиха лораза довш доцийла. Бутт баьлча а таро ю иза схьакаро.

– Германерчу лоьрийн аьтто балла-кх Навальныйца "Новичок" карон? СкрыпальгIаьрца Британехь а санна?

– Омскерчу госпиталехь, гарехь, аьтто бац оьшшу анализ ян, ца хиллачух тера ду гIирс а, говзанчаш а. Вуно беза гIирс бу иза, бIеннаш зарнаш долларшкахь бу цуьнан мах. Цу тIе, компьютер чохь "Новичок" дIаьвшан массо а кепийн схемаш а хила еза. Оцу хьокъехь ас яздира айса 2007-чу шарахь арахецначу книги тIехь. ДIаьвшо зуламаш дан долийча, цивилан пачхьалкхаша, синтез ярца, кегий барамашкахь, таллархьама, кхоьллинчух тера ду "Новичок" дIаьвшан масалш. Цундела дIовш лаха а, карон а аьтто баьлла Бундерсверан.

– Хаамаш бара, Германино ша талламбеш, Британерчу Портон-Лаунерчу а, Болгарерчу совдегарца Гебрев Эмилианца "Новичок" карийначу а лабораторешка гIодехна, аьлла. Иштта атта а доцчух тера ду бакъдерг каро.

– Дац дера. Информаци алсам мел хила а дика ду, амма болгарашна гIодан хуур ду ала дац сан. Германехь а, Британехь а бу талла мел оьшу гIирс. Деккъа дIа лоьраллин информаци толлуш дехна хир ду накъосталла.

– Омскрчу лоьраша шаьш Навальныйн анализаш Москва хьовсийна бохура. Москвахь дуй оьшу гIирс цахуьлийла?

– Москвахь болуш бу талламна гIирс. Химин герз лелор доьхкуш хIоттийначу Конвенцин декъашхо ю Оьрсийчоь. И низам муха лардо зуьйчаралахь Москвара лаборатореш а ю. Амма къайлахчу сервисаша магор дац оцу могIарара информаци яржаяйта, хоуьйтур дац анализийн жамIаш.

– СкрипальгIарна "Новичок" делла ши шо даьлча, изза дIовш Навальныйна а даларо хьоьга хIун ойланаш йойту?

– "Новичок" кхоьллинчу нехан декъахь со а хиларе терра, суна гIеххьачул бехк сайн а бу аьлла хета. Суна даима а Iаткъам бо оцо. Вон ду иза. Суна ца моьттура, оха доггах къа а хьоьгуш, пачхьалкхан кхерамзаллина кхоьллина коьчал терроран герз хилла лелар ю. Со хIинца кхетта и дIовш хIуманна а бехке боцу нах Iхаллакбеш леладой. МостагIчун эскар дац цо хIаллакбийраш - маьрша нах бу. Эскархо юьхьах, дегIах духар доьхчхьана валалур ву къелхьара. Оцунах со кхетта, амма хIетте а ца моьттура оццул декъаза хьал лелар ду, - элира ша Маршо Радиона еллачу интервьюхь Мирзаянов Вила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG