ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах велла 7 дархо. Вирус кхетта ву -556 стаг


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, коронавирусан уьнах ворхI дархо кхелхина, цомгаш хилла кхин а 556 стаг. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан статистикаца, Ставрополан махкахь кхелхина кхо дархо, Дагестанехь а, Адыгейхь а велла цхьацца.

Пандеми гучуяьлчхьана велла Къилбаседа Кавказехь COVID-19. вирусах 1 222 стаг.

ТIаьххьтарчу 24 сахьтехь къастарца, къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан кIоштахь - 129 пациент:

Ставрополан махкахь +129 (12 628 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь̆ + 90 (11 654)
ГIалмакхойчохь+82 (4 655)
Дагестанехь +75 (11 367)
Кхарачой-Чергазийчохь+64 (5 399)
ГIалгIайчохь +37 (4 547)
ГIебарта- Балкхаройчохь+30 (6 659)
Къилбаседа ХIирийчохь+24 (5 037)
Адыгейхь +19 (3 480)
Нохчийчохь +6 (2 296)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь вирус токхуш ву 6 733 дархо, ткъа Оьрсийчохь ву, оперативан штабан зерашца, 1020 310 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG