ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Алексейна дIовш даларх вистхилла Трамп Дональд


Трамп Дональд

Навальный Алексейна Оьрсийчохь арахецначу "Новичоках" тера дIовш делла хилла аьлла, дIахьединчу Германин Iедалхойх ца теша бахьана дац шен аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда. Вашингтонехь йоьдучу пресс-конференцехь вистхуьлуш аьлла цо иштта, яздо "Голос Америки" гIирсо. Трампа дийцарехь, Навальныйна дIовш даларх цкъачунна Берлинера документаш кхаьчна дац Вашингтоне. Гергарчу деношкахь кхача дезаш а ду уьш, шаьш леринчу тергонца зуьйр а ду аьлла президенто.

Дахначу пIераскан дийнахь Америан пачхьалкхан департаменто тIекхайкхинера Вашингтонехь волу Оьрсийчоьнан посол Антонов Анатолий.

Пачхьалкахн секретаран говс волчу Бигэн Стивена дIахьедина, Навальныйна гонахчу хьолана Вашингтон Iаламат чIогIа сингаттаме хиларх. Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь ма-хиллара, Бигэна билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан Iедалхоша химин герз лелорца - хаа а хууш хьаьшна дуьненаюкъара тIелацамаш аьлла. Пачхьалкхан секретаран гIовса кхайкхамбина Оьрсийчоьне, тIелатар толлуш гIо де аьлла.

  • Оьрсийчоьнан оппозицин лидер, коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчуьра ваьллера Томскера Москва доьдучу кемана тIехь байначу беттан 20-чохь. Оцу бахьанаца лайнер охьадоссийра Омскехь. Чолхечу хьолехь волу Навальный меттигерчу дарбан цIийне вигира, дарба эвсаре хилийтархьама лоьраша ханна тиларчуьра ваьккхира иза.
  • Ши дей, буьйсий даьллачул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу лоьраша дIахьедира, юучуьнца цатам хилла аьлла, амма цунна дIовш делла бохучу Навальный агIончийн верси, тIе а ца йитинера.
  • Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь, политикан хIусамненан а, белхан накъостийн а дехаршца Берлинерчу "Шарите" олучу клинике дIавигира иза дарба дан. Цунах хьоьвсинчул тIаьхьа немцойн лоьраша дIакхайкхийра, оппозиционеран организмехь холинэстеразан ингибаторан группера токсин хааелла шайна аьлла. Цу юкъа йогIуш ю, доккхачу декъанна, "Новичок" олу, 2018-чу шарахь Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а делла дIовш.
  • Карарчу хенахь Навальный комехь ву, ткъа лоьраша цуьнан могашалла нислур ю аьлла, кхин дIоггара луш информаци яц.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG