ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиранчохь: Нохчийчуьра тIом сецна а, Бесланехь школана тIелатар дина а денош билгалдехи, нах лечкъий, Кадырова Iайшатах хьаькам а йи


Хасу-Юьртахь бертан кехатна куьйгаш яздао
Хасу-Юьртахь бертан кехатна куьйгаш яздао

Оршот

Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь 24 шо кхечира Дагестанерчу Хасу-Юьртахь Нохчийчуьра хьалхара тIом сацош барт хилла. ХIетахь президентан декхарш кхочушдеш хиллачу Яндарбиев Зеламхан пурбанца, эскарийн баьччас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а машаран кехат тIечIагIдира.

Иштта, куьйгаш теIийра бертан кехатна Оьрсийчоьнан кхерамзаллан Кхеташонан секретаран гIовсо Харламов Сергейс а, Ичкерин вице-президенто Абумуслимов Сайд-Хьасана а. Цул тIаьхьа официалехь дIакхайкхийра, Нохчийчохь хьалхара тIом бирзина хиларх. Республикера арадехира Оьрсийчоьнан федералан эскарш, ткъа Нохчийчоьнна статус яларх хаттар дIатеттира 2001-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу дийне. 2002-чу шеран Охан-баттахь вертолет духуш, хиллачу катастрофехь велира инарла Лебедь Александр. Ткъа цул тIаьхьа ши шо даьлча Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Девкар-Эвлахь вийра Масхадов Аслан.

Шинара
2004-чу шарахь гIаттамхоша дIалаьцначу Къилбаседа ХIирийчоьнан Бесланерчу школехь динчу тIелатарехь белларш дагалоьцуш, тезетан барамаш дIаболийра шинарина дийнахь.

Оцу школехь байъинарш дагалеца баьхкира закъалтхой хилларш а, юкъаралхой а, кIоштан а, регионан а Iедалан а векалш а. Iуьйранна 9:15 минот яьлча болабелира барам. 2004-чу шарахь Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь изза хан яьлча дIалаьцнера тIемалоша школа. ТIаьхьо зезагаш а дохкуш, дагалацаран чIурамаш а летош хан яьхьира гулбеллачара. Тезетан барамаш кхин а кхаа дийнахь латтон лаам бу Бесланехь. Тезетан акци ерзош тIаьххьара гуллур бу мемориалан "Маликийн гIала" цIе тиллинчу кешнашкахь. 2004-чу шеран дешаран хьалхарчу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша, Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош, дIалецира Бесланера № 1 школа. ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лелхийтарш дира школа чохь. Закъалтхой мукъабохуш, Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а. Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. Ткъа школа дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш ву.

Кхаара
Культурин министран хьалхара гIовс ю мехкан куьйгалхочун йоккхаха йолу, 21 шо долу йоI Кадырова Iайшат аьлла, хаам баржийра Кадыров Рамзана шен Телеграм-каналехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, уггар а чолхечу проекташца болх бина, куьйгаллехь лаьттина, шеца доккха зеделларг долуш цуьнан йоI.

Кадыровс чIагIдарехь, синбахамаллин (культуран) министран Дааев Хож-Баудин лааме хьаьжжина, тIеэцна бу и сацам. Иштта, цо билгалдаккхарехь, дуккха а пачхьалкхашкахь лору коллекцеш арахоьцучу модан цIийнан коьртехь хилла ю иза, дерриг дуьненна дIагайтина цо нохчийн гIиллакхаш а, ламасташ а. Кадыровс яздо, шен йоI Нохчийчоьнан филармони кхиорехь а доккха дакъа лаьцна ю, бохуш. Кху шеран Зазадокху-баттахь мидал елира Iайшатна, республикана динчу гIуллакхашна. Нохчийчуьрчу Firdaws ("Фирдаус") модан цIийнан куьйгалхо ю Кадырова Iайшат. Билгалдаккха доргIу, Кадыров Рамзанан цIийнах мел верг ву махкахь лаккхара даржаш дIалецна.

Еара
Ленинскан кIоштан декъарчу полисхоша гIалин юккъера лаьцна дIавигина Соьлж-ГIалара 33 шо долу Умаров Мовсар. Цуьнан нанас Умарова Асета бира и хаам. Нанас чIагIдарехь, Товбеца-беттан 18-чохь лаьцна, шолгIачу дийнахь "нефтяной полк" олучу, эскархойн декъе дIавигина иза. "Ленинскан кIоштан полицин декъехь аьлла соьга, Тумсога (Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а, цуьнан гонах а лаьцна критике роликаш арахоьцу блогер Абдурахманов Тумсо) хьежна иза.

Байначу беттан 7-чохь соьга а, кхечу гергарчаьрга а телефон а тоьхна, тхо тIекхайкхинера иза латточу полке. Иттех эскархо а, Жабраил ю шен цIе аьлла, вовзийтина цхьа стаг а вара кабинет чохь. Цо элира, шайца болх бан беза сан кIанта, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а ши тIемало лоцуш гIо деш", - дийцина Умаровас. Масех минотана кIант гайтира шена боху нанас, йиттина лараш яцара цунна тIехь аьлла. Ша шен кIанте тIаьххьара аьлла дешнаш иштта дара боху Умаровас: "Ас боху сайн кIанте: царна хьалха гора ца хIуттуш, валар тоьлу хьуна, кIант. Нагахь санна, хьо цара цхьанхьа вуьгуш хилахь, вада, амма нахана мотт ма бетта. Сий хир ду хьан а, хьан гергарчийн а". Марсхьокху- беттан 11-чу дийнахь ГIалгIайчу вигинера боху Умаровас шен кIант, оперативан барамаш бу аьлла. Цул тIаьхьа полисхоша иза ведда аьлла, хаамбира шега. Нохчийчуьра кест-кеста хеза нах лечкъорах а, кхел йоцуш таIзарш дарх а. Байначу беттан 19-чохь нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино хаамбира, Соьлж-ГIалахь меттигера пхи вахархо дIавигина аьлла. Царна хетарехь, бахьана хила тарлора, кегийрхойн интернетехь динах лаьцна хилла дийцарш.

ПIераска
Нохчийчоьнан муфтийс емалдира "Шарли Эбдо" журнало Мухьаммад Пайхамарна шаьш ехкина хилла карикатураш карлаяхар. Францин журнало Пайхамар сийзазвеш карикатураш юха а зорбане яхар - иза рогIера жоьпазаллин болх хилла ца Iаш, цхьана Iалашонца Малхбузено Исламна а, йоллу бусулбачийн юкъараллана а дина тIелатар ду.

Цо дуккхаъчу нахана зенаш дан а тарло аьлла муфтис Межиев Салахьа. "Нохчийчуьрчу Динан урхаллан цIарах, оха неIалт кхайкхадо шуна, шайтIанаш, иблисаш! Шайн белхан хинйолчу тIаьхьалонан жоьпалла шуна тIехь хир ду! Шу сийсаза, ямарт нах ду, шина кога тIехь лела хIуманаш ю шу, акхарой а шух олийла дац. Сийначу цIарах догийла шу! НеIалт хуьлда шуна",- аьлла Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа. 2015-чу шарахь радикалан бусулбанаша Мухьаммад Пайхамарна йина карикатураш бахьана долуш тIелатар динчу «Шарли Эбдо» журнало юха а арахийциар кху деношкахь шайн карикатураш. ХIетахь динчу тIелатарехь вийра 12 стаг, шайлахь журналан коьрта редактор а, ши суртдиллархо а, ши полисхо а волуш. «Шарли Эбдон» редакцин белхахоша бахарехь, шайн байъина коллегаш дагалоцуш, зорбанехь карлаяьхна цара карикатураш.

Шотт
ГIалгIайчуьрчу Обаргийн-Юьртан (Троицкая) 45 шо долу вахархо Гандалоев Руслан шина баттана чохь вуьтур ву, гIаттамхошца хилла ву ша аьлла, цо мукIарло динчул тIаьхьа. Махкарчу Талламан комитето дина и дIахьедар.

Гандалоев Руслан
Гандалоев Руслан

Цо ша олуш хаззалц, со тешар яц, цара дуьйцучух, - боху Гандалоевн хIусамнанас Гагиева Лайлаа. - Масех дийнахь лачкъийна а латтийна, иза волу меттиг а ца буьйцура соьга. Цхьана метттигера кхечухьа а вуьгуш, лелийначух тера ду. Ши кIира сов хан яьхьира ас иза лоьхуш. ХIинца боху соьга Карабулакерчу СИЗО-хь ву иза. Цига йоьдуш ю со, цунна цхьацца хIума дIакховдо. Байначу беттан 23-чохь, иза дIавигичхьана дуьйна тIера бедар хийцина вац Руслан. Селхана, ур-атталла, суна гайта а реза ца хилла уьш. Пачхьалкхан цIарах цунна веллачу адвокатна гина хиллера иза, йиттина яц-м бохур цо цунна". Лаьцначул тIаьхьа ГIалгIайчохь ца латтийна Гандалоев боху республикерчу "Мемориал" офисан куьйгалхочо Акиев Тимура. Цуьнан информацица, террорхошна гIо дина аьлла хета нах, цара БуьритIе дIабуьгуш бу, Къилбаседа ХIирийчоьнан шахьара. "Нагахь санна, иза кхуза схьавеллехь, уьш тешна бу-кх, ша дина тоьшаллаш цо хуьйцур дац аьлла. Дахначу деношкахь ГIалгIайчохь иза ца хилла хила а тарло. Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Сунжан кIошта полицин декъе телефон тоьхнера Лайлаа, цара шаьш долчахь вац аьлла, жоп деллера", - билгалдоккху Алиевс. Байначу беттан 23-чохь йоьдучу контртерроран операцехь лецира Гандалоев Руслан. Полисхоша цхьа юкъ яьхьира, иза волу меттиг гергарчарна ца хоуьйтуш. Къоман антитерроран комитето дIахьедира, хиллачу инцидентехь кхо стаг вийна, шинна чевнаш йина аьлла.

КIиранан де

Оцу юкъанна, полисхоша Соьлжа-гIалара лачкъийна вигинчу Умаров Мовсаран нана саготта ю, ницкъахоша ГIалгIайчу талламан барамашка вигинчуьра кIант ведда, ваьлла шайн карара аьлла, бинчу хаамна.

Вуьйцург ву, лакхахь хьахийна, "блогеран Абдурахманов Тумсон роликашка хьежна" аьлла, бехкевина вигинарг. Бакъоларъярхой тIаьхьабевлла, Умаров вар таллийта, дIахьедина юристо Пискунов Дмитрийс. "Тамашен ду "нефтяной полкан" дозана тIера цара лаьцна стаг вадар. Цигара водийла данне а дац. Цундела шеконаш ю, Мовсар дийна ца хила там бу аьлла. Амма, тхо тIехьадовларца, тамлламчаша цкъа мацца а бехкзуламан гIуллакх айдийр ду, Умаровн варах", - аьлла Пискуновс. Иштта, дегайовхо яц ненан а, шен кIант дийна хир ву аьлла, делахь а, Нохчийчоьнан прокуратуре латкъамбина цо, шен кIант варца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG