ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сингаттаме рекорд: даимчул дукха нах цомгуш хилла коронавирусах дийнахь-буса


ДуьнентIехь дийнахь-буса коронавирусах цомгуш хиллачийн терахьо рекорд яьккхина – 304 624 стаг, иштта ю Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь Америкерчу Хопкинс Джонсан универститето йовзийтина статистика.

Оцу терахьал гIеххьачул лахара бара дийнахь-буса ун кхеттачийн барам байначу беттан 14-чу дийнахь - 304 351, билгалдоккху Deutsche Welle радионо.

Амма бакъду, дийнахь-буса долчу баларийн терахь лахделла шозза гергга. Масхьокху-беттан 14-чохь 10 135 хиллехь кхалхар, кху тIаьххьарчу дийнахь велларг ву 5637 стаг.

ДуьнентIехь коронавирусах цомгуш хилла 26,5 сов вахархо. Дараш уггаре дукха хилла Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна, цунна тIаьхьайогIу Бразили а, ХIиндойчоь а. ЙоьалгIачу меттехь ю ун кхеттачийн дукхаллица Оьрсийчоь (баларшца 12-чу меттехь ю иза – 17 820 стаг).

РБК-но дагадоуьйту Дуьнанаюкъарчу могашаллаIалашъяран цхьанакхетараллин куьйгалхочо Гебрейесус Тедрос бина хаам: ши шо гергга хан еза пандеми эшон. Иза кхочушдалур ду, нагахь санна пачхьалкхаш цхьа барт болуш хьовзахь, аьлла Гебрейесуса.

XS
SM
MD
LG