ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кипран "дашо паспорташ" долу Оьрсийчуьра а, Украинера а нах бовзийтина меттигерчу газето


Кипрерчу Politis газето бовзуьйту шайн махка инвестицеш яхкарна Кипро "дашо паспорташ" делла совдегарш. Хьалха къайлаяьхьина яра церан цIерш.

Кипран президента Анастасиадис Никоса еллачу информцина тIе а тевжаш, газето яздарехь, 2008-2012-чу шерашкахь 141 арахьарчу стаганна делла мехкан паспорт. Алссам инвестицеш махка кхачорна "дашо паспорташ" схьаэцначех ву Оьрсийчуьра ВЭБ корпорацин ухрхаллин декъашхо Кузовлев Михаил а, Evraz компанин долахойх волу Фролов Александр а, Чувашин сенатор лаьттина, "Синтез" компанин долахойх волу Лебедев Леонид а, Оьрсийчуьрчу "Spar" туьканийн, "Тулерчу жижигдоккхучу комбинатан" долахо Белобригин Антон а, кхин массех бизнесмен а.

Инвестицеш махка ялорна Кипран "дашо паспорташ" деллачех бу Украинера совдегарш-миллиардераш Коломойский Игорь а, Боголюбов Геннадий а, кхин массех а.

Марсхьокху-бутт бовш "Ал-Джазиро" йовзийтира Кипро 2017-2019-чу шерашкахь инвестицешна дуьхьал "дашо паспорташ" деллачу Оьрсийчуьрчу бизнесхойн 33 цIе.

XS
SM
MD
LG