ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шира килс "Тхаба-Ерды" йохка хилла Iалашо юхаэцна ГIалгIайчоьно


ГIалгIайчоьнан Iедало юхаяккхина евзаш йолу ширачу заманара килс "Тхаба-Ерды" ханна йохка хилла шен Iалашо.

Синмехаллин и объект дIаяла сацам бина Джейрах-Iаьссан территорин музейга, хаамбо шен сайта тIехь республикан министрийн кабинето. Оцу хьокъехь омра дина ГIалгIайчоьнан премьер-министра Сластенин Владимира.

Килс Оьрсийчоьнан бахаман доладечу Росимуществон аукционе яьккхина хилар тидаме ийцира гIалгIайн блогерша. Цул тIаьхьа аукцинера дIаяьккхира и лот.

  • Тхаба-Ерды – Оьрсийчоьнан территори тIехь уггаре ширачу керста килсех ю. VIII – IX бIешерашкара ю иза.
  • Хьалхо хаам баьржира, йохош ю наха Тхаба-Ерды, аьлла. Чуьра пенаш бохийна цуьнан бевзаш боцчара.

XS
SM
MD
LG