ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь буса коронавирусах велла 8 стаг, цомгуш хилла 563


ТIаьххьарчу дийнахь-буса 7 пациент кхелхина Къилбаседа Кавказерчу лоьраша тергалбечу уьнан дархойх. Цомгух хилла кхин а 563. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан тIаьххьара хаам.

Дагестанехь велла кхо стаг, Ставропол-махкахь – шиъ, Краснодар-махкахь, Нохчийчохь, Адыгейхь – цхьацца. COVID-19 уьнах юхьанца схьа Къилбаседа Кавказехь велла 1233 вахархо.

Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:

  • Ставропол-мохк +124 (12 878)
  • Краснодар-мохк + 93 (11 838)
  • ГIалмакхойчоь +83 (4823)
  • Дагестан +78 (11 520)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +65 (5523)
  • ГIалгIайчоь +36 (4622)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +33 (6724)
  • Къилбасчеда ХIирийчоь +25 (5087)
  • Адыгей +22 (3522)
  • Нохчийчоь +4 (2307)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь, официалан хаамашца, коронавирусах цомгуш хилларг ву 68 457 стаг. Ерриг Оьрсийчохь – 1030 690 стаг.

XS
SM
MD
LG