ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Варшавин Берлинца къамел" хилла дац Навальныйх лаьцна, дIахьедина Польшин куьйгалхоша


Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло бакъ яц аьлла Белоруссин куьйгалхоша, "Варшавин Берлинца къамел хилла Навальныйн хьокъехь", аьлла яржийна информаци.

Оьрсийчуьрчу ТАСС агенталло динчу хаттарна жоп луш, Польшин дипломатин урхалло боху, шаьш "тIеэцна канцлера Меркела а, Германин Iедало а оппозиционерна Навальный Алексейна "Новичок" дIовш делла хиларх болу хаам", "оцу бахьаница бехк а буьллу оццул иэхьечу кепехь политикна зулам дар".

Деношкахь Белоруссерчу хаамийн гIирсаша даржийра шина стага - шайх Ник а, Майк олура цара – Навальныйх лаьцна ден къамел. Пачхьалкхийн юкъаметтигаш йохорхьама, Белоруссина тIеIаткъам бархьама, Оьрсийчуьрчу оппозиционерна дIовш делла аьлла, доцург даржийна Малхбузено, бохура Минскерчу Iедалан хаамийн гIирсаша.

Хаам аьшнашка берзийра Оьрсийчуьрчу дуккха а бахархоша. Кремлан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари ца елира оцу хьокъехь шега динчу хаттарна, лерринчу ницкъаша толлуш ду и аьзнаш, аьлла.

XS
SM
MD
LG