ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роскомнадзоро бакъдина коронавирусах беллачийн терахьаш нийса гойтуш дацар


Коронавирусах цомгуш хилла нах чуэца кечйинчу стационарашкахь пациентийн баларш кеп-кепара дIаяздина хилар гучудаьлла Оьрсийчоьнан коммуникацешна тIехьожучу Роскомнадзор урхаллина. Цхьайолчу дарбан хIусамаша даьржинчу уьнах белла нах язбеш хилла кхечу цамгарех беллачийн могIаршка. Иштта хаам баржийна "Медицинан геланча" ("Медицинский вестник") газето, Роскомнадзоран куьйгалхочо Самойлова Аннас дина дIахьедар довзуьйтуш.

"Ковид-стационарашкара баларш таллийтина. Массо а 100% баларш коронавирусна тIеяздина стационараш а ю, уьнах хилла массо а баларш деган, пехийн цамгаршна тIеязйинарш а ю", – аьлла Самойловас.

Ши бутт хьалха пачхьалкхийн могашаллин министрийн дуьненаюкъарчу кхеташонехь Оьрсийчоьнан могашаллин министра Мурашко Михаила, лахара ду Оьрсийчохь коронавирусах баларш, яц цомгушчарна дарба дан оьшучу меттигийн якъо, элира. Официало Оьрсийчуьра гайтина коронавирусан баларш ду дуьнентIехь уггаре лахарчех (ун кхеттачех 1,62%). Официалан статистико гойту терахьаш бакъдолчуьнца догIуш дац аьлла яздарна, цхьамогIа хаамийн гIирсашна духьал шогга дIахьедарш дира хьалхо Оьрсийчоьнан масех урхалло.

  • Бутт хьалха президента Путин Владимира хаам бина, Оьрсийчоьно коронавирусна дуьхьал вакцина кхоьллина, аьлла. "Спутник V" тиллина цунна цIе. Амма иза адамашна тIехь зийна яц, цундела официалехь тIечIагIйойла дац, боху пачхьалкхерчу фармакологин компанеша. «Лоьрийн лугIат» журнало къамелаш динчу дуккха а лоьраша хаийтина шаьш и вакцина кхоччуш пайде цалорийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG